Соьлжа-ГIалахь спортан лаккхарчу корматаллин «Динамо» школо дIаяьхьира кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара: Аргун гIалара, Гуьмсан, Хьалха-Мартан, Невран, Шелан, Курчалойн районашкара, Соьлжа-ГIалара, иштта кхечу меттигашкара спортсменаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Хьалхара меттигаш ехира: Азимов Ахьмада (46 кг), Муцаев Ахьмада (50 кг). ШолгIачу меттиг – Хасухаджиев Муслима (50 кг). КхоалгIа меттигаш ехира: Дадаев Адама (46 кг), Мучураев Бувайсара (58 кг), Хамзаев Асхьаба (54 кг). И берриге а спортсменаш РДЮСШ-ра бу, директор Гусигов Апти. Церан тренерш бу Эскерханов Хаваж-Бауди, Вараев Шамсуди, Дадаев Муслим.
З.ШИШХАНОВА
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо