Толамхо билгал ца велира

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 10-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Краснодарерчу «Краснодар» командица.

Хьалхара тайм паргIат ловзарца йолийра командаша. СадаIа боьлху хан хуьллуш каде ловза буьйлира уьш. Полузащитник Мацей Рыбус лазийначул тIаьхьа, юкъаваьллачу Садаев Заура жигарадаьккхира ловзар. Тайм чекхйоллуш «Краснодаран» кевне нисвелира Иванов Олег, амма гол тоха аьтто ца белира, «Краснодаран» капитан Гранквист Андреасас дуьхьало ярна.

ШолгIачу таймехь З.Садаевс гIуданан буьрка туьйхира, иза шайн кевна чу ца яхийта аьтто белира Краснодаран вратаран Саницын Андрейн. Бакъду, дукха хан ялале, З.Садаевс гол туьйхира – 0:1.

Кононов Олега ловзархой хийцар бахьана долуш жигарделира «Краснодаран» ловзар. Юкъавелира дийнна шарахь, ког кагбина, юкъара ваьлла волу Жаозиньо а, Петров Сергей а. ТIаьххьарчо гол тохарна эшорах кIелхьараелира х1усамдайн команда.

Цул тIаьхьа кхин тоьхна гол йоцуш, цхьа а ца тоьлаш чекхделира цхьаьнакхетар.

Рог1ерчу 11-чу  турехь  4-чу октябрехь «Терек» шен цIахь  Ахмат-аренехь, Казанерчу «Рубин» командица ловзур ю.

А.ТУРШИЕВ 

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: