«Вайнах» ансамбль – Цхинвалехь

Дукха хан  йоццуш Къилба ХIирийчоь-Алани Республикин куьйгалло кхайкхарца республикин 25 шо кхачарна, лерина Цхинвал гIалахь дIадаьхьначу даздаршкахь, дакъалецира Нохчийн Республикерчу пачхьалкхан «Вайнах» ансамбло. Хонкарара, Россера, Абхазера, ДНР-ра, ЛНР-ра, кхечанхьара  19 делегаци яра даздаршкахь дакъалоцуш. Россин а, Къилба ХIирийчоьнан а тIеман ницкъийн парад хиллачул тIаьхьа дIадаьхьира концертни дакъа.

Вайнах1

Къилба ХIирийчоь-Алани Республикера, Абхазера, Нохчийн Республикера хелхарийн коллективаш яра даздаршкахь дакъалоцуш. Вайн республикера яханчу делегацина юкъахь вара «Вайнах» ансамблан директор А.Гайсумов, ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо Г.Мажидов, балетмейстерш: Г.Темирхожиев, Т.Хасимиков. Къилба ХIирийчуьрчу сцени тIехь дуьххьара концерт луш яра «Вайнах». Хелхарийн пхи композици гайтира цара. Царах хIора а хьовсархоша дехха тIараш деттарца тIеийцира.

Къилба ХIирийчоь-Алани Республикин Президента Тибилов Леонида баркалла элира шайн республика йозуш цахилар къобалдинчу Россин куьйгаллина а, халкъана а. Концертни программа чекхйолуш цо къаьсттина баркалла элира «Вайнах» ансамблана. ТIейогIучу хенахь а вайн халкъашна юкъара кхоллараллин уьйраш кхин а чIагIлург хиларе ша сатесна хилар а хаийтира.

Къилба ХIирийчоьнан куьйгалло республикин денна леринчу даздаршкахь дакъалацарна а, къоман культура йовзийтарна а «Вайнах» ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочунна Мажидов Iаднанна «Къилба ХIирийчоь Республикин хьакъволу артист» сийлаллин цIе елира.

Л.ИБРАГИМОВА

 

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: