Езачуьнга
Суна гIенах дуьхьал хIуьттуш.
Самах гаре сатуьйсуш,
Сан цIена безам дIатоьттуш,
Курачу кIанте сакъоьруш
Ирсе вуьгу дахаран некъ
Цуьнца буза гIерта хьо.
Кураллин зама йолу чекх
Йийр-юй-те хьо ирсе цо?
Ас дахаран некъаш хедош
Нагахь хетахь хьуна хьайн,
Стигла вер ву хьан дог Iабош,
Лаьттахь лар ца гайта сайн.
Седа хилла стигалх летта,
Сан бIаьргийн нур догур ду.
Комаьрша цхьа зIаьнарш лаьтта
Хьан некъашка яржор ю.
Сан къамел, я зевне илли,
Хьан дагна еш делахь вас.
Лаьттар ву со лам а хилла.
Ца хозуьйтуш цкъа а аз.
Шех схьадуьйлу шийла шовда
Хьуна тIе цо далор ду,
Хьагъелча хьо цуьнга кховда.
Хих цо кийра Iабор бу.
Ларамза со кхетча дуьхьал
Хьан бIаьргашна хилахь ницкъ,
Кхочур бу хьан ирсан дуьхьа
Лаьттан кийра восса ницкъ.
Кхачарх ирсе, хиларх аьтто,
Байн ловзалахь лаьтта ког,
Диц ма делахь худург лаьтто
Хилар сил хьо езна дог.
1980 ш.
Къаночун ойланаш
Сан экаме къена дегI, хьо ма гIийла лаьтта
Оллийна сирбелла корта хьоьжуш лаьтта бIаьра.
Эшна гIора, бIаьрса, лерса дац и хьуна атта.
КIеззиг бен хан йисна яц хьо къовла лаьтто мара.
Ткъа со вац ва, хIай сан дегI, хьо темашца хьистинарг,
Бабин хазчу йоIаца хийла дагара дийцинарг.
Къуона ойла тIома юьйлуш, лаьмнашна го тийсинарг,
Сенчу регIа басе вуьйлуш, пондаран мерз бекийнарг.
Хезна ву со баьраллехь олуш баккхийчара,
Дог даима лаьтта къуона, дегI даларх къан.
Атта дац сан дагна тахна къийса къоначаьрца
Реза дац сан дегI а хьуна буолар лагIдаларна хьан.
Айбе корта, белла ши бIарг, дIа-схьа хьажа дуьнене,
Сел хазачу цунна дуьхьал гIуо хьо, ловзуш майрра ког.
Къар ма лолахь, тиш ма лолахь яларх хьайн хан-хене.
Детталуш мел ду хьайн кийрахь дуьне деза дилха дог.
Ирс
Ирс стенах олу-те и муха хуьлу?
ХIора ву лоьхуш цу хаттарна жоп.
Кхочуш хилахь лаам шен дагахь болу,
Хьоьгур ду моьтту ша ирсан зовкх.
Ирс деца хаар, хIун ю шен Iалашо,
Шена хьалха хIоттийнарг дуьненчу вогIуш.
Вахийта лаьтта тIехь шен бен лай воцуш,
ХIумма а йоцучух ша кхоьллинчо.
Дел-ненал хилалахь хьо АллахI везаш.
Цо тоьхна дозанаш ларделахь ахь.
Цуьнгара доьссинчух хилалахь тешаш
И къобал ца дан а хеталахь эхь.
Ахь лаха дахарехь хьанала некъаш,
Хьарама долчунна ахь тоха букъ
ТIаккха хир ву-кха хьо са паргIат вехаш,
Везаш хьо хир ву-кха луьйчарна бакъ.
Хьайн дагахь дерриг ахь хийлийтахь багахь.
Мискачуьнга хилахь кховдийна куьг.
МостагI хьайн волуш хьо велахь нагахь,
Хетар вац цунна ша хьан меха цуьрг.
Ма гIерта х1ара дуьне хьайн мара къовла.
Кхачам бе оьшшучул деллачух хьайна.
Хьайл хьалха баьхначийн ел ахь цкъа ойла,
Цара а дитина деззашехь шайна.
Бакъдерг къуьйссучохь ахь лехахь хьалхе,
Харцонна дуьхьал ахь айадахь тур,
Хир ву хьо гуо бина йоцчара шалхе,
Хьийзар ду хьуна тIехь сийлаллийн нур.
ХьагI-гамох, Iесаллех буьзна и кийра,
ДIа цIанбан ницкъ кхачахь дагна беш там.
Нахана луьйчура хьо валахь хийра,
Кхетар бу-кха хьуна бакъ ирсан чам.
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо