Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос Грозненски районан администрацица а, Аьхкинчу-Борзерчу №1 йолчу юккъерчу школица цхьаьна вовшах а тоьхна, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн цIарахчу скаутийн тобаца Шелан районерчу Гермачигарчу «Шира-Юрт» музейхь экскурси йира.
И музей нохчийн къоман культура, Iадаташ довзуьйтуш йолу жима юрт ю. Кхузахь ю бIов, маьждиг, пхьалгIанаш, лазартни, къанойн цIа. И дерриге а гича хьуо цу хенахьлерчу заманахь волуш санна хета. Экскурси баьхкинчарна дуккха а пайден хIуманаш довзийтира хьалха заманахь вайн дайн хиллачу дахарх лаьцна.
Экскурси чекхъяьллачул тIаьхьа цигара бераш Аргун гIала схьадаьхкира. Цигахь царна дуьхьал веанера Аргун гIалин мэран гIоьнча Мисиров Iимран, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон белхахо Арсаев Мохьмад, ткъа иштта «Ахьмад» боламан жигархой. Цул тIаьхьа цара «Ненан дог» маьждигехь жамIатехь ламаз а дина, «Аргун-Ситехь» делкъе а йина дерзийра и гIуллакх.
Иза вовшахтоьхначара дийцарехь, иштта экскурсеш яро тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь-кхетош-кхиорна гIо дина ца Iаш, кегийрхойн Нохчийн Республикин истори йовза болу лаам алсамбоккху.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо