Къегинчу похIмица оьрсийн литература серлайохуш алссам говза поэташ бу Россин. Делахь а ша схьаваьлла халкъ, дай кхиийна латта, цуьнан башха Iалам дезарца, царех наггахь верг а ца кхочу Есенин Сергей Александровиче. Россин шера аренаш, цуьнан юькъа хьаннаш, дай лила кхетча санна сийналле дирзина Iаьмнаш гуш хета Есенинан исбаьхьа могIанаш доьшуш. Иза бакъволу оьрсийн поэт хилла шен сица, карзахечу амалца, чолхечу дахаран хотIаца. Дукха ца ваьхна поэт, амма оьрсийн литературехь цо йитина сирла лар Iаламат йоккха, чулацаме ю. Кху деношкахь 120 шо кхочу изи дуьнен чу ваьлла. Амма иза вайца воцу кху шарахь 90 шо кхочуш ду.
1895-чу шеран 3-чу октябрехь Рязански губернерчу Константиново юьртахь ахархочун доьзалехь вина Есенин Сергей. Дийца даьккхиначуьра аьлча, поэтан нана Титова Татьяна шен лаамехь безамца яхана яцара Есенин Александре маре, мелла а токхо йолчу доьзалера ву аьлла дас-нанас бертаза дIаелла яра. И бахьана хила там бу дукха хан ялале, кхо шо кхаьчна Сережа карахь волуш иза децIа юхаерзар. Ненахоша дика лелош вара хинволу поэт. КIант поэт хир ву бохург дагадеана хир дацара царна, делахь а кхиина богIуш ненавежарий бара цуьнан. Царна Iаламат хьоме вара кIант, цкъа а шайна юххера дIаволуьйтуш воцуш, коча, аьрха кхиош вара иза. Пхи шо кхачале нека дан, говр хахка Iамийнера, мелла а элпаш а Iамийнера. БархI шо кхочуш-м Сергей шен ненавежарий санна дика хелха волуш, илли олуш, балалайка локхуш вара. Исс шо кхаьчна кIант Константиновехь йолчу земски училище деша дIавелира. Кхиамца училище чекхъяьккхина ваьлча Спас-Клепике гIаларчу хьехархойн курсашка деша вахийтира. Бераллехь дуьйна Сергей дешарна тIера вара, кIорда ца деш даима книгаш йоьшуш вара. Пхийтта шо кхачале ша стихаш язъян а волавелла иза. 1912-чу шарахь хьехархойн курсаш кIант чекхъяьхна волуш дикка гIараяьлла ю цуьнан поэтически корматалла. Цхьа тамашийна мукъаме, тамехь лерса хьостуш ю цуьнан дуьххьарлера байташ. Уьш Iаламах, хенан хIоттамах, дийнатех ю. Цаьрца массаьрца адамашца санна къамел деш хетало поэта. Адамаллех, къинхетамах, сирлачу кханенах йолчу дегайовхонах дуьззина ду цуьнан поэтически могIанаш. Цхьа тамашийна мукъаме ду, хилла ваьллачу поэта яздича санна чулацаме а ду.
1913-чу шарахь Москва гIала дIавоьду къона поэт зевне бос керча ирс лаха. Амма нийса хир дацара и йоккха шахьар Есенин гучуваларх самукъадаьлла массо кор-неI диллина яккхий зурманаш лоькхуш дуьхьал яьллера аьлча. Бухахь вевзаш стаг вацара, хIара гаре сатесна, я кхунах тамаш бан кечвелла муххале а цхьа вацара. Хало даьхкира Москвахь хьалхара денош, беттанаш. Эххар а белхан меттиг нисло поэтана – корректоран гIоьнча, И. Сытинан типографехь. Цу балхах Iехавелча санна сихлой нускал даладо. Изряднова Анна Романовна яра цо дуьххьара ялийна зуда. Цо вина кIант Юрий вара кхуьуш. (Иза къинхетамза хIаллаквина ежовщинин мур дIаболалуш 1937-чу шарахь). Амма дукха сиха и ший а кIордира поэтана. Iар-вахаран ойла кIезиг йора Есенина. Доьзалан хьашташа садуучарех вацара иза. Я цунна хьалха цуьрриг ша декхарийлахь ца хетара. Къинхьегамна пе тоьхна, самукъадаккха меттиг лохучарех вара. Дахаран коьрта къилба хилла дIахIоьттинарг поэзи яра цуьнан. Болх барна схьалуш долу дерриге а алапа книгаш оьцура ткъа доьзална напха латто ша декхарийлахь хилар дага ца догIура. ТIаккха бехк буй къоначу хIусамненан кхунна реза ца хилча. Делахь а цуьнан ойла ян рагI ца кхочура Есенинан. Цунна ша хилла ваьлла поэт хетара. Делахь а Москвара газетийн, журналийн редакцеш цкъачунна хIара тергалвеш яцара. Редакциийн белхахой ца бешара юьртара хIуо детталуш долчу поэтан хотIах. Оцу гал-морзахаллаша дог этIадора къоначу поэтан, иза маларехьа велира, болх дIатесира, доьзал буьйхира.
1915-чу шарахь Есенин Сергей Москвара Петербухе дIавоьду. Цигахь бевза цунна оьрсийн поэташ Гумилев Николай, Ахматова Анна. Цара лаккхара мах хадабо къоначу поэтан могIанийн. Шайга далуш долу гIо-накъосталла до. ЦIенчу даггара схьакховдийна долчу доттагIаллин куьйго дог ира-кара хIоттийра вайн турпалхочун. Тешийра шен хьуьнарх. КхидIа болх бан дог доуьйтуш, ойла тIома яьккхира. Дуьххьара зорбане елира кхуьнан «Береза» цIе йолу стихотворени. Иза Iаламат беркате хилира. Поэт вевза россин литературин шуьйрачу гуонашкахь. Цуьнга кест-кеста кхойкху литературин суьйренашка. ХIинца цунах бакъволу оьрсийн поэт олу. Россин поэзин хиндерг кхуьнан сийлахьчу цIарца дузу. Шо шаре далале Есенинан гергарло тасало поэташца Блок Алексадраца, Городецкий Александраца, Клюев Николайца. Петербухехь 1916-чу шарахь зорбане йолу цуьнан дуьххьарлера говзар «Радуница».
1917-чу шарахь Есенин Сергейс шолгIа нускал даладо. Иза яра Зинаида Николаевна Райх. Мейерхольд Всеволод Эмильевичан театрехь болх беш актриса яра Райх. Поэт цуьнан хазаллех Iехавелла сихаллехь дина захало дара иза. Ойла йоцуш динарг гIайгIа йоцуш доьрзур дац олу халкъалахь. Сатийсамечу ирсе ца кхечира Есенин актрисица. Маларца къона поэт эвхьаза хилар тидаме эцна, ханна мелла а цул доккха долу нускал Iехо доьлла даго къастийнарг, цкъа а марехь хилла яц ша аьлла. Амма харцо заманна йохалла гучу ялаза ца юьсу. Дукха хан ялале Есенин тIаьхьа кхиира шена нускало йинчу ямартлонна. Гечдар аьттехьа ца дуьтуш, дуьненчохь кхидIа яккха йисинчу массо ханна дегабаамо бен бира поэтан экамчу дагчохь. Карахь йоI йолуш йитира цо Зинаида Райх. Цхьана ханна юха веара, йоIах къахетта. И тIеверзийна яьлла ша аьлла хеташ актрисас кхин цхьа бер дира. КIанта йоццачу ханна Iехийра поэт. Амма дукха хан ялале девнаш, дегабаамаш, весаш юха дIаюьйлаелира. Эххар а 1921-чу шеран 19-чу февралехь суьдехь къаьстира и шиъ, берашна напха латтор Есенина шена тIелоцуш.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 20-чу шерийн юьххьехь Есенин Сергей шен кхиаман гIушлакхехь вара. Петербухерчу, Москварчу газеташа, журналаша, вовшашца йоьхье дуьйлуш санна хаддаза зорбане йохура цуьнан стихаш. Уьш Iаламат маьIне, чулацаме, еша атта яра. Цул совнаха могIа бина зорбане юьйлуш книгаш яра цуьнан; «Голубень», «Преображение», «Страна Советская», «Персидские мотивы» иштта дуккха а кхиерш.
1921-чу шеран июнь баттахь РСФСР-н культурин нарком волчу Анатолий Васильевич Луначарскис кхайкхина Росси еара дуьненахь гIараяьлла евзаш йолу хелхарча Айседора Дункан. Цуьнан схьаялар Ирландера дара, ткъа болх беш иза Iамаркехь яра. Ларамза дацара иза Росси кхайкхар. Керлачу Iедална керла хелхарчаш оьшура, уьш Iамо говзанчаш оьшура. Къоначу советийн Iедало Айседорина тIедиллира мехкарий хелха бовла Iамо школа схьаеллар. Иза реза хилла, цо шен болх дIаболийра, юкъ-кара сольни концерташ луш. Цуьнан цхьана концерте нисвеллачу Есенинан шовкъечу хелхарче безам бахара. Иза шел берхIитта шо йоккха хиларо новкъарло ца йира бахначу безамна. 1922-чу шеран май баттахь поэта ялайо Айседора Дункан, тIаккха цуьнца дозанал арахьа турне воьду иза. Европехь, Iамаркехь шайн дог лаьттачу массо метте кхечира и шиъ. Лаккхарчу тIегIанехь хелхарчин корматалла йолу Айседора массанхьа езаш тIеоьцура, цуьнан концерте дукха адам догIура. Ткъа хьовсархошна юкъахь уггаре а тешаме доттагI оьрсийн поэт вара. Амма мел хала хеташ делахь а, поэт иза поэт ву, дуьненан муьлхачу маьIIе кхачахь а. Дукха хьолахь церан мел шовкъе безам а шарал тIех ца болу. Иштта кIордира Есенинна Айседора Дункан а. Хелхарча Iамаркех юьтий цIавоьрзу поэт. 1923-чу шарахь Росси цIавирзинчу поэта дIаболабо «Хулиган» цIе йолчу стихин керлачу цикл тIехь болх, царна юкъа йогIу «Исповедь хулигана», «Любовь хулигана». 1924-чу шарахь зорбане йолу цуьнан «Москва кабацкая» цIе йолу книга. Цхьаболчара дийцарехь уьш актрисина Миклашевская Августина лерина яра. Амма оццу муьрехь Есенин Сергейс кхин цхьаъ керла нускал даладо. ХIинца иза Софья Андреевна Толстая яра. Оьрсийн сийлахь воккхачу яздархочун Лев Николаевич Толстойн кIентан йоI. Цундела Iаламат хала ду кхета баккъал поэтан карзахе ойла хьанах хьерчаш хилла. Шен экама синахаамаш цо хьаьнга балхош хилла. Амма цхьана а кепара щеко йоцуш бакъдерг цхьаъ ду, Есенин Сергей дуьйцийла йоццуш похIме поэт хилла. Россехь дехачу массо а халкъан а мах боцу беркат ду цуьнан зевне поэзи. Iаламат йоккха хазна ю цуьнан сирла кхолларалла. Ткъе итт шарахь бен ца ваьхнехь а, оьрсийн литературин исбаьхьчу хьаьттахь, ша тайпанчу башхаллица къесташ беркате майда ю Есенинан цкъа а нур довр доцу сирла поэзи. 1925-чу шеран 27-чу декабрехь яздина поэта хIара могIанаш;
Iодика йойла хьан,
Хьоме доттагI,
Iодика йойла!
Хьо даима сан дагчохь ву!
Кху дахарехь керла дац валар.
Вахар а ца хилла-кх керла!
Дог эшначохь поэта шен дешархошка деш весет хета и гIайгIане дешнаш. Уьш маьIне ду, хIоранна сих кхета ницкъ кхочуш ду, милла а ойлане ваккхал чулацаме ду. Инзаре къаьхьачу хорамо дог Iуьйдуш хилла-кх цуьнан дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь шен цIийца и могIанаш яздина хилча. 1925-чу шеран 28-чу декабрехь Петербухехь «Англетер» цIе йолчу хьешан цIийнехь ирхъоллавелла карийна ХХ-чу бIешеран тоьллачарех цхьаъ волу поэт Есенин Сергей.
АРАПХАНОВА АЗА
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо
