ХIусамехь йоккха стаг, я воккха стаг хилар, доккха беркат ду. Оьзда доьзал кхиийна муьлхха а цхьа къано гича дагна там хуьлу. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх гIиллакхех, оьздангаллех ца бухуш, дуккха а доьзалш а кхиош, деза дукъ дIакхехьна нохчийн зударша. Церан могIарера цхьаъ ю Шелара яхархо Патаева Кужани. Иза йина 1930-чу шарахь Шелахь.
ХIумма а зовкх хьегна яц иза шен дахарехь. Вайн кхиболчу махкахойн санна, хийрачу махкахь хьомсарчу шен махкана сагатдеш бала Iовша дезна Кужанин а. Иза кхиъна йог1уш йоI яра шен деца-ненаца, жимачу йишица шаьш махках даьхна дIадуьгучу хенахь. Цига дIакхаьчначул тIаьхьа кхелхира цуьнан нана Хадишт. Шен деца Билалаций, йишица Матусиций йисира иза. Доьзалехь йоккхахъерг хиларе терра, шен жимахйолу йиша лелийра Кужанис, нанас санна Iуналла а деш. Ткъа да балха воьдура цаьршинна сискал яккха. Шен 18 шо кхаьчча ПатаевгIеран нус хилира иза. Цергийн лор вара и яханарг. Казахстанехь цигарчу наха шен, 12 шо бен доцучу хенахь дуьйна, лазаяьлла церг дIаяккха а, дарба дан а дIасавуьгуш хилла иза, оцу балхах дика кхеташ ву бохуш. Цара говран ворда юттий т1е х1ума юьллий юхавалош а хилла. Кхин башха даккхий гIуллакхаш лелон таронаш ца хиллехь, Делан къинхетамца цигарчу нахана гIеххьа дан гIо а долуш баьхна КужанигIар оцу хийрачу махкахь. Ши кIант, цхьа йоI цигахь дIадолларца къаьхьа бала Iовша а дийзира цуьнан шен хIусамдеца цхьаьна. 1957-чу шарахь вайна цIа дахка маршо яьлча 5 шо кхаьчна кIант а, 5 бутт кхаьчна йоI а эцна цIадирзира и шиъ. Дерриге а аьлча, 5 бер делла Кужанин, бухадиснарг 2 кIант 3 йоI ду. Нах а безаш, нахана а безаш хаза, ийманехь, оьзда доьзал кхиийна цо. 22 берийн бер а, церан 29 бер а долуш ирсе стаг ю тахана Кужани. Цуьнан доьзалехь хIора а шайца цхьацца говзаллаш йолуш ву. Масала, цуьнан кIант Супьян суртдиллархо ву, цхьа йоI – Зарган лоьрийн дешар дешна ю, йоккхахйолу йоI – Зураъ тIеюху бедарш тоьгуш ю, жимахволу кIант школехь завхоз ву. Иштта берийн бераш а ду цхьацца пачхьалкхан белхашкахь хьанала къахьоьгуш. Уггаре а коьртаниг, Далла шайна деллачунна резахилар ду цаьргахь.
М.ИСХАНОВ
Авторан сурт
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо