Х.-А. Кадыров: «АллахIана Iибадат дарехь, Иза вовзарехь совдовлийла вай»

Лараме Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

37890524

Лараме хьеший, межлисан дакъалацархой! Марша догIийла шу!

Вайна дахар луш а, рицкъа латтош а волчу  АллахIе доьху  ас хIара вайн межлис (конференци) вайна беркате  хилийтар.

Тахана вай дийцаре деш ду суфизмаца доьзна гIуллакхаш.  Суна хаьа, массо а  а вац «суфизм» дешан маьIнех кхеташ. Цундела доцца цуьнан маьIна  довзийта лаьа суна. Суфизм  янне а Ислам динах дIакъастийна яц. Мелхо а цуьнан коьрта, дIакъасто йиш йоцу  дакъа ду. Цуьнца  доьзна, васт кхуллуш, цхьа масал далор ду ас. Ислам дитт ду, цуьнан гIад, генаш, гIаш, стом  хуьлу хи бахьанехь. Иштта, суфизм а, АллахIа Шена безаш болчу лайшна дина совгIат ду. Цо АллахIана дезаш долчу хIуманех цIандо стеган  ийман, дегI, са.

Суфизм – иза АллахIана  Iибадат дар ду. И дарехь АллахIан лай АллахI  вовзаран лакхенашка кхача гIерта, АллахIана  Iибадат  дарх, Иза хьехорах шен ойла  дIахьийзош долчу дуьненан хIуманех херлуш.

Суфизм – иза АллахIана Iибадат дар ду, стаг ша Iибадат дечу хенахь тешна  хуьлу ша АллахIана гуш хиларх, цунна а хета шена Сийлахь АллахI гуш санна. Цундела Ислам  динна  тIегIерташ долчу адамех вай суфи (суьпа, суьпа  стаг – С.Д.) олу.

ЦIена бусалбанаш шайн дерриге а дахарехь АллахIа къинхетам баре кхача  гIерта. Цара лерина кхочушдо Къуръано а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташа а тIедиллинарг. Цара къахьоьгу, АллахI  тIеттIа алсам  вовзарца. Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманахьлерчу суфизман хедаш йоцу  зIе ю и  адамаш. Шайл  хьалха хиллачу устазаша бакъо ло царна и зIе  дIаяхьа. Цара цаьрга олу: «Хьо хьакъ ву  хьайна  тIаьхьа  бозуш нах хила».  Ишттачу адамех оха (вай) устазаш (хьехархой) олу. Ислам шен хьехамча а, устаз а  воцуш Iамош волчун устаз шайтIа  хуьлу. Дала цунах лардойла  вай?

Тхан махкахь суфизм яржале масех бIе шо хьалха дуьйна Ислам дин долчу пачхьалкхашкахь шайн имамаш а, шайхаш а хилла, тIарикъатехь лакхенашка а кхаьчна. Царах цхьаъ ву имам Раббани (Дела реза хуьлда цунна). Цо аьлла: «ШарIаца галморзахалла йолуш цхьа а хIума дац суфизмехь».

ХIинца  суна  цIераш яха лаьа цIеяххана бевзаш болчу цхьаболчу Iеламнехан-суфийн: Хьасануль-Басри, Джунайдуль-БагIдади, Абу Iела ибн Сина, ГIазали,  Ибнуль-Iараби, Iабдул-Къедир Гилани, Хаваж Баудди Накъшбанди, Iамийюль-Хьавас, Хас-Мухьаммад Ширвани, дуккха а кхиберш.

Суна къаьсттина тидам тIебахийта лаьа Россин пачхьалкхехь бусалбанийн, къаьсттина нохчийн а, гIалгIайн а дахарехь суфизмо лелийначу  маьIнина. Тхо (нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш) накъшбандин а, къадарин а тIарикъаташкахь  ду, уьш Исламан арканашца галморзахалла йолуш дац. Мелхо  а тIарикъатан оцу некъаша гIодо Исламан бехкамаш а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла  хуьлда цунна) суннаташ а леррина кхочушдан, АллахI кест-кеста хьехо, и дарца Ислам дин лакхадаккха. АллахIа Сийлахьчу Къуръанехь боху: БисмиллахIиррохьманиррохьим!» Баккъал а, дагна синтем бу  АллахI хьехорехь».

Суна иштта хьахо лаьа и тIарикъаташ даржорехь  кIадбалар доцуш къахьегна устазаш. Накъшбандин тIарикъата юкъа богIу Ташу-Хьаьжин  муридаш, Таьшкичуьрчу Шайхана тIаьхьабозуш берш, Дени-Шайхан муридаш, Юсуп-Хьаьжин муридаш, СоIийп-Моллин муридаш, Элах-Моллин муридаш, Iусман-Хьаьжин  муридаш, Солса-Хьаьжин муридаш, кхиберш, багарбинчу  шайхашна тIаьхьабаьзначеран муридаш хилларш а.

Къадарин тIарикъатана юкъабогIу Иласхан-Юьртарчу Кишин Кунта-Хьаьжин муридаш, Шайх  Бамат-Гирин муридаш, БатIал-Хьаьжин муридаш, Чиммирзина тIаьхьабозуш берш, Мани-Шайхана тIаьхьабозуш берш, Вис-Хьаьжина тIаьхьабозуш берш. Оцу массара а шаьш  Иласхан-Юьртарчу шайхана Кишин Кунта-Хьаьжина тIаьхьа дозуш лору.

ХIинца суна дийца лаьа суфизман оцу шина гено тхуна Ислам дин лелорехь гIо муха дира. Вайна массарна а ма-хаъара, паччахьан Iедал бIешерийн дохаллехь тхоьгара уггаре а дезаниг, мехалниг: мохк, сий, оьздангалла дIаяккха  гIиртина. Амма суфизман ойланехь кхиийна болчу муридаша къийсам  дIахьора, маршонехьа къуьйсуш,  турпалаллица эга а оьгура.

Советийн Iедал долчу хенахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хьуьжарш йохийра, дерриге а маьждигаш дIакъевлира, и халкъаш советашна дуьхьал агитаци йина яьлла харцонца  бехке а деш. Ткъа Iеламнах Сибрех дIахьовсийра. Цул сов дохийна Сибрех дIахьовсийра нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш, инзаречу  ямартлонца уьш «фашистийн оккупантийн гIолацарна» бехке  а деш. Мацалла, шело, Iожалла, сийсазалла – хIун дисира тхан халкъаша  ца ловш! Оцу  халчу хьелашкахь тхан халкъана дийна диса гIодинарг суфизм яра. АллахIана Iибадат даран лаам чIагIбеш, ийман чIагIдеш, дахаре болу лаам чIагIбеш. АлхьамдулиллахI!

ТкъолгIачу бIешеран чаккхенехь а боккха бала боьссира  тхуна тIе. Иза тхуна коча  тесначеран ши Iалашо  яра. Хьалхара Iалашо – Россин Федерацин цхьаалла йохор, шолгIа Iалашо – оха хьовха, тхан дайша а Ислам  дин нийса лелийна цахиларх тхо тешор. Цу тайпа  агитаци, питана  дIахьош  дара  ингалсан-Iамаркан лерринчу службаша кечдина долу дохкаделла адамаш. Царна даккхий ахчанаш  а, герз а, литература  а латтайора.

Тхан юкъараллехь  дукха бацара кхолладеллачу хьолах кхеташ берш. АллахI-Дала Ахьмад-Хьаьжина пурба делира шен халкъ лардан дIахIотта, и бала вайн мехкан дозанал арахьа баккха. Кадыров Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна шайн Даймохк ларбан дIахIиттинарш берриге а лакхахь хьахийначу шина тIарикъатана тIаьхьабозуш бара. Цу тайппана, суфизмо гIо дира тхуна тхешан республикера экстремизм а, радикализм а араяккха, дин нийса  лелош цахиларна бехкедар нийса  цахилар дIагайта. Суфизм  машаран байракх, толаман байракх, нийсонан байракх хилла дIахIоьттира.

Къадарийн тIарикъатехь  волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров  Рамзана  юкъара  дIадаьккхина тайп-тайпанчу  вирдашкахь болчу бусалбанаша вовшашна инкарлонаш яр,  галморзахалла. И бахьанехь карарчу хенахь  тхо дерриге а бертахь а, вовшашца мерза а Iаш ду.

Сийлахьчу  АллахIа  Къуръанехь боху: «АллахIан чуханах дерриге а  чIоггIа тасалолаш, дIаса а ма хедалаш».

Со тешна ву, нагахь санна вай, кхета ма-деззара суфизман маьIнех кхетахь, цунах  дозуш а хилахь, вайна иза кхерамазалла а, синтем а, хиндолчуьнга сирла некъ а хир бу.

Баркалла шуна ладогIарна! Дала къинхетам бойла вайх!

Нохчийн Республикин  Iеламнехан Кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас дуьненаюкъарчу конференцехь дина къамел.

Зорбане  кечдинарг – С.ДАДАЕВ

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: