ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь экономикин Iилманийн доктора Мусаев Расула йийшира. «Экономика предприятий» кафедрас вовшахтоьхначу лекцешка университетан дуккха а хьехархой а, студенташ а баьхкира.
Малхбузерчу пачхьалкхаша Россин Федерацина кхайкхийначу санкцийн тIаьхьалонех дийцира Мусаев Расула. Ша дуьйцург проектора тIехь слайдашца ч1аг1дора цо. Царна тIехь тайп-тайпана таблицаш, графикаш, схемаш яра.
«Европин пачхьалкхаша Россин Федерацина дуьхьал йинчу санкцийн т1аьхьалонаш хаало дахаран тайп-тайпанчу дакъошкахь. Тахана сайн лекцехь со хьаьжира, вайн мехкан экономика кхиорна т1аьхьалонаш хилар студенташна д1ахаийта. Суна даггара лаьа, вайн кегийрхой экономикех дика кхеташ хуьлийла а, экономистан корматалла караерзочарех говза экономисташ хуьлийла а», – элира цо.
Экономикин декъехь долчу хьолах лаьцна Мусаев Расуле хаттарш динарш а кIезиг бацара. Шега деллачу хаттаршна студенташ кхетар болччу кепара жоьпаш делира цо.
З.ЛОРСАНОВА
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо