Белхан низам лардарна – леррина тидам

ТIехьа-Мартан районан къинхьегаман а, социальни кхиоран а отдело боккха болх дIахьо бахархойн хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхарехь а, уьш сихха кхочушдарехь а, бахархойн заявленешка сихха хьовсарехь а. Оцу гIуллакхана отделехь вовшахтоьхна клиентийн служба. Цигахь говзанчаша бахархой тIеоьцу.

ХIокху деношкахь отделан белхан тобанан кхеташо хилира. Цигахь дийцира белхан низам лардаре болу лехамаш кхочушбарх а, коррупци цахилийтарехьа гIуллакхаш дарх а лаьцна.

Коллективехь коррупци ца хилийтарна тIехьовсийна цхьамогIа гIуллакхаш до. Вовшахтуху отделан гIуллакххойн балха тIехь таллам латтор, болх массарна а гуш дIабахьар. ЧIагIйо бахархошца йолу зIенаш. Коррупцина дуьхьал къийсам латторан Iалашонца шарбеш-тобо нормативно-бакъонийн бух.

Отделан белхахоша лакхайоккху бахархой социальни ларбаран декъехь пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран дикалла, чIагIбо отделан балхе болу бахархойн тешам, лакхабоккху социальни декъан белхахошка болу сий-ларам. Отделехь кечйина ю коррупцица къийсам латторан хьокъехь дуьйцуш йолу стенд. Гуччу меттехь ю сихха хаам барна лерина йолчу телефонийн номерш, иштта  аьрзнашший, кехаташший дIаоьцу яьшка. Отделан белхахошкара гIалат даларх лаьцна аьрзнаш а, хаамаш а хIинццалц хилла бац.

Коррупцина дуьхьал дIахьочу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш иштта семинар а хилира.  Лелош ду хаамаш дIаязбеш долу журнал, шех жоп луш волу стаг а волуш.

Отделан белхахоша дакъалецира коррупцина дуьхьал деш долу гIуллакхаш дийцаре дарна лерина ТIехьа-Мартан районан Культурин цIийнехь дIаяьхьначу семинарехь а.

Р.ЮНУСОВА

 

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: