Къонанаш галбовларх ларбо

Дукха хан йоццуш Новра-гIалин меттигерчу Культурин цIийнехь Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ Хатаев Ахьмад а, Нутаев Хьусайн а цхьаьнакхийтира Новра-гIалин кегийрхошца а, школашкарчу дешархошца а. Цигахь дакъалоцуш вара Невран муниципальни районан администрацин куьйгалхо
Кашлюнов Владимир, маьждиган имам Масуханов Гунки, кхиберш.

Цхьаьнакхетарехь цара кегийрхошна а, кхиазхошна а дийцира наркотикех а, маларех а, цигаьркех а, корта бахочу молханех а, кхечух дуьйлучу зуламех а, Шемахь д1абоьду т1ом гIазот цахиларх а лаьцна.

А.Хатаевс шен къамелехь билгалдаьккхира, кегийрхой кхетош-кхиорехь, зуламах ларбарехь х1ара тайпа цхьаьнакхетарш дар чIогIа мехала хилар.

Цхьаьнакхетарехь иштта къамел дира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Нутаев Хьусайна а. Шелковски муниципальни районан Кхара-Кхаьлларчу (Каргалинск) охьатохарх лата Iемаш болчеран  секцега а хьаьжира иза кхиазхойн №2 йолчу спортшколехь. Цигахь Iемаш болчу спортсменаша баьхкинчарна шаьш Iамийна йолу дуккха а приемаш гайтира. Х.Нутаевс баркалла элира кегийрхой Iамош болчарна. «Вайн махкахь спорт кхиорехь дерриге а дина Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вайн спортсменаша дуьненна дIа а гайтина шайн говзалла а, ницкъ а», – бохура цо.

 

И.МЕТАГАЕВ

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: