Ши бIе доьзална – керла хIусамаш

Карара шо чекхдалале царна уьш яларан декхар хIоттийна шена хьалха Нохчийчоьнан  хӀусамийн-коммунальни бахаман министерствос

1499_6

Хан-зама яларца тишделла, беркъа девлла цIенош ду хIинца а Соьлжа-ГIалин йистошца. Мел тодан гIертарх а цIинлуш дац уьш. Иза хьесапе а эцна, ишттачу цIеношкара адамаш керлачу хIусамашка дIакхалхо Iалашо йолуш ду республикин а, гIалин а Iедал. Оцу Iалашоне кхачарехьа денна гIуллакхаш а до. Цунна тоьшалла ду хIара шо чекхдалале ши бIе сов доьзал керлачу хIусамашка, керлачу цIеношка дIакхалхо сацам бина хилар. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан хIусамийн-коммунальни бахаман министерствехь.

Тишачу цIеношкара бахархой керлачу цIеношка дIакхалхоран регионан программа кхочушъяран гурашкахь карарчу шеран декабрь бутт чекхбалале керлачу хIусамашка дIакхалхор ву 556 стаг. ХIинца дина долуш долчу ворхI гIатт долчу кхаа цIа чуьра 218 хIусам дIалур ю царна. Министерствон векалша чIагIдарехь кхин а ши шо далале керлачу хIусамашца я цIеношца юьззина кхачойийр ю тишачу цIеношкахь Iаш болчу берриге а бахархошна.

Тишачу а, доха герга даханчу а цIеношкара бахархой керлачу хIусамашка дIакхалхоран регионан программица нийса а догIуш, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос, «хIусамийн-коммунальни бахамна реформаш ярна гIолацаран Фонд» цIе йолчу пачхьалкхан корпорацис финансашца гIо даран а, республикин бюджетан харжийн а чоьтах 2017-гIа шо чекхдалале тишачу цIеношкарчу берриге а бахархошна кхачойийр ю керлачу хIусамашца. Кхузахь билгалдаккха деза 2012-чу шеран 1-ра январь тIекхачале бинчу талламца а, сацамца а цIенош тиша а, толур доцуш а лерина хила дезаш хилар. Тишачу цIеношкара бахархой керлачу хIусамашка дIакхалхоран программица хIусамашца кхачоян езаш верг виъ эзар гергга стаг вара. Таханлерчу денна керлачу хIусамашка дIакхалхийнарг цхьа эзар сов стаг ву.

Гуш ма-хиллара, и болх дIахьош а, республикин куьйгалло шен лерринчу тидамехь латтош а бу. Цундела цхьа а шеко яц иза кхиамца шен хеннахь чекхбоккхург хиларан.

 

Д.ХУСЕЙНОВ

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: