Сатийсам кхочуш хир бу

Лаьтта тIехь къахьоьгуш болчарна дика хаа мел экаме орамат ю бурак. ТIуналла алсам хилча шен кхиар сацадо цо, ткъа  йокъа хIоьттича худалой дIайолу. Иза чIагIдо дуьххьалдIа хIокху цхьана масало а. ДIадаханчу шарахь республикин агропромышленни комплексехь ялх эзар гектарал  сов йолчу майданашкахь кхиийра шекаран буракаш. Аьлча а, хIу тесир-кх.

БIаьстенан чаккхенехь дуьйна гуьйре тIекхаччалц хаддаза бохург санна ихинчу догIанаша шайн тIаьхье елира. Оцу майданашкара стохка дерриге а гулдинарш 48 эзар тонна мерза орамаш бен дацара. Лара хала дац гектаро белла хилла пайда а.

 article.029627.1

Цуьнга хьаьжжина дара чаккхенан жамI а: 3400 тонна гергга бен шекар доккхийла ца хилира.

Кху шарахь регионан буракашлелорхошна шен важа агIо гучуяьккхира Iаламо – еххачу хенахь йокъа лаьттира вайн аренашкахь. Кхеташ ма-хиллара, оцу хиламо шен Iаткъам бийр бу  шекаран аьргаллин дукхаллин барамна тIехь, иза чуэца йолийначу чекхбаьллачу цхьана баттахь цуьнан Iаткъам башха чIогIа хаабелла бацахь а. Бакъду, вайн говзанчаша чIагIдарехь,  буракийн хьекъарна мелла а Iаткъам хирг хиларна кхерам кхуллу цхьа эзар гектарал сов йолчу майданашкахь кхиийначарна.

ГIуллакх доллу вайн республикехь тIекIал шина шарахь цхьабосса Iаламан хьелаш хуьлуш цахиларх: цхьана шарахь – йочанаш, ткъа цул тIаьхьа догIучу шарахь – йокъа. Цундела тахана буракаш кхиош  болчеран балха тIехь кхиам хир бу бохург доккхах долчу декъана Iаламан оцу хьелех доьзна ду. Билгалйинчу Iалашоне кхачархьама юкъаяло дезаш хуьлу карахь йолу ерриге а таронаш, уггаре а хьалха агротехникан тайп-тайпана кепаш, минеральни удобренеш. Оцу кепех пайдаоьцучохь лаьтто юьхькIайчу а хIиттабо.

Иза гойту тахана агропромышленни комплексан аренашкахь долчу хьоло а. ДоггIучуьра билгалдаккха луур ду мерза орамаш кхиоран гIуллакх коьртачу декъана арендаторша а, фермерша а шайн каралаьцна хилар. Масала, кху шарахь шайна тIехь буракаш кхиочу йиъ эзар гектарал сов йолчу майданех пачхьалкхан бахамашна 1360 гектар бен ца кхочу. Гуш ма-хиллара, ши эзар гектарана лахъелла буракашна къастийна хилла майданаш. Амма  цкъачунна регионан юьртан бахаман министерствера 29-чу сентябрана болчу хаамашца хаъал лакхара ду кху гурахь шекаран буракийн хьекъар, дIадаханчу шарца дуьстича мелла а сихо йо уьш чуерзорехь а. Бутт чекхболучу ханна мерзачу орамех паргIатъяьхна 800 гектарал сов майданаш. Гулйина 35,8 эзар тонна гергга аьргалла.

Латталелорхойн дегнаш боккха хьаам хилла хир ду аьлла хета гектаро лучу беркатах. Цкъачунна долчу хьесапашца  кхечу кепара хуьлийла а дац – лакхахь билгалъяьккхинчу майданах хIора гектара тIера кху деношкахь дийнна республикехула цара чуоьцу 441,8 центнер шекаран аьргалла (дIадаханчу шарахь уьш 258 центнеран барамехь бен яцара). И терахь кхин а лакхара ду фермерийн а, арендаторийн а майданашкахь – 453,6 центнер. Цо тоьшалла до латта тешамечу ахархойн  кара кхаьчна хиларна, цу тIехь къахьоьгуш дерш шайн гIуллакх даггара дезаш адамаш хиларна.

Цунна къеггина масал ду «Стандарт-С» юкъаралла. Карарчу шарахь бахамлелоран оцу хорманийн бахамашна къастийначу 2690 гектарах 650 гектар ю цуьнгахь. Цунах 250 гектара тIера мерза орамаш чуэцна. Оцу майданара гулйина 17 эзар тоннал сов буракаш. Ткъа хьекъар-м советийн Iедал долчу хенахь а ца хиллачу кепара лакхара ду: хIора гектара тIера юккъерчу барамехь чуэцна 682,4 центнер аьргалла. Иза ерриге а шекаран заводе дIа а кхачийна. Цига хIора дийнахь дIакхачайо 300  тонне кхаччалц буракаш.

Фермерийн «Ризван» бахамехь дIаяханчу аьхка 150 гектар майданахь кхиийна шекаран буракаш. 29-чу сентябрана болчу хаамашца царах цхьа бIе гектара тIера уьш чуерзийна а бевлла фермерш. ЖамIаш иштта ду: ерриге а гулйина 4033 тонна аьргалла, хIора гектара тIера чуоьцу 403,3 центнер. Таханлерчу денна республикехь шолгIа гайтам бу иза. И гайтам кхин лах ца балийтарна тIехьажийна гIуллакхаш деш а бу бахамехь.

Хастаме дош ала хьакъ бу «Раяна» юкъараллин а, «луч» агрофирмин а буракашлелорхой. Хьалхарчохь цкъачунна гектарана леринчу хьесапехь гулйо 366,6 центнер, шолгIачохь 337 центнер шекаран аьргалла.

Ма-дарра аьлча, буракаш чуерзо хIинцций бен буьйлалуш бац пачхьалкхан бахамаш. Уьш кху шарахь  ТIехьа-Мартан, Гуьмсан районашкахь а, «Агротехсервис» предприятехь а бен ца кхиийна. Хьалхарчу районерчу «Овощевод» бахаман латтанаш тIехь (235 гектар) шаьш кхиийна мерза орамаш чуэца буьйлабелла «Наурский» бахаман латталелорхой. ВорхI гектарах хIоранна тIера гулйо 267,1 центнер.  Ткъа «Кади-Юртовский» бахамехь 60 гектарах хIораммо а 345 центнер аьргалла ло.

ТIеттIа жигарадовлуш ду шекаран заводан белхан боларш а. Аренашкара схьааьхкина дерриге а мерза орамаш шен хьаьттахь тIе а эцна. Леррина терго латтайо заводе хIора дийнахь схьакхачош йолчу буракийн дикаллина тIехь. Болх бан йолаелчхьана дуьйна цигахь 34 эзар тонна гергга йолчу аьргаллех гIуллакх дина. 29-чу сентябрана болчу хаамашца, 2438 тонна шекар даьккхина заводан коллективо.

Предприятин куьйгалхочо Хатуев Илеса дийцарехь, хIокху шарна динчу хьесапашца 80 эзар тонне дIакхачийна хила декхар дара аьргаллин барам. Амма Iаламо шен нисдарш юкъадалор бахьанехь гектарана леринчу хьесапехь 300 центнере кхаччалц мерза орамаш гулдан ницкъ кхочург хиларе сатуьйсу цо. Ишттачу терахьашка кхаьчча а таро хир яра заводан гIирсех буьззинчу барамехь пайдаэца а,  доккхуш долчу шекаран барам хаъал  алсамбаккха а.

Тахана регионан буракашлелорхоша  бохучу  кхиамаша тешам ло шекар доккхучу заводан директоран сатийсам кхочушхирг хиларна.

 

Л.АБУБАККАРОВ

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: