Кадыров Турпал-Iела винчу денна лерина турнир

22–23-чуй сентябрехь Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спорткомплексехь дIаяьхьира Кадыров Турпал-Iела вина 18 шо кхочуш, цуьнан иэсана лерина кегийрхошна а, кхиазхошна а юкъахь дзюдо кепара охьатохархлатарехула дуьненаюкъара 5-гIа турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, олимпийски чемпионаш: Сайтиев Бувайсар, Ямасита Ясухиро, Исаев Мансур, Хайбулаев ТIахIир, кхиберш.

IMG_7645

Турнир дIайолаяле хьалха къамел дира Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаьккхира республикехь а, дуьненахь а дзюдо дикачу спортех цхьаъ хилар. Вай лакхахь хьахийначу хьешашна, дуьненахь а цIе яханчу спортсменашна мидалш а, совг1аташ  а делира  спорт кхиорехь доккха дакъалацарна.

– Россин Федерацин Президент Путин Владимир жима волуш дуьйна дзюдо лата 1емаш ву, кегийрхошна масал хилла лаьтташ а ву. Спорт  кхиор –  иза вайн хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан)  коьртачех болу цхьа некъ а бара, – бохура Кадыров Рамзана.

Толамаш баьхначу спортсменашна Сийлаллин грамоташ, кубкаш, мидалш, ахчанан совгIаташ а делира. Иштта,  хьалхара меттиг яьккхинчунна 90000 сом делира, шолгIа меттиг яьккхинчунна – 60000 сом, кхоалгIа меттиг яьккхинчунна – 30000 сом. Толамаш баьхначу спортсменийн тренерш а ца битира ахчанца совгIаташ ца деш. Царна хIоранна а 30000 сом делира.

И.МАТАГОВ
Авторан сурт

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: