ОвгIанерчу талибаша масех де хьалха дIалаьцна Кундуз гIала. Царна бомбанаш, ракеташ тоьхна США-н тIеман-хIаваан ницкъийн кеманаша. Кундуз талибашкара схьаяккхаран операци дIахьош ду Iедалан эскарш.
***
СаIудийн Арави коьртехь йолчу коалицин кеманаша бомбанаш тоьхна Йеменехь. Ловзарга гулбеллачу маьршачу нахана боккха бохам баьккхина оцу тохаро. Царах лаххара а 130 стаг кхелхина. Царна юкъахь алссам бераш а ду, зударий а бу.
***
Мигранташца долчу хьолана сагатдеш ю Евросоюзана юкъайогIуш йолу пачхьалкхаш. Дозанаш чIагIдан гIертарх гIуллакх ца хуьлу. ФРГ-н Iедало лоьху миграцин хьокъехь долу законаш кхин а чIагIдар.
***
Латвин Iедало НАТО-н куьйгалле дехна Прибалтикин пачхьалкхашкахь долчу шайн эскарийн барам алсамбаккхар.
***
Нью-Йоркехь цхьаьнакхийтира США-н Президент Б.Обама а, Казахстанан Президент Н.Назарбаев а. Цара дийцаре дира цхьаьна гIуллакхаш дар шордаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Польшерчу Шецина гIалахь долу советийн салтийн кешнаш сийсаздина. Цуьнца доьзна Россин МИД-о Польшин Iедале дIахаийтина шен резадацар.
***
Россин а, США-н а Iедалан векалш Шемахь долчу хьолан хьокъехь дийцарш дар дIахьош бу.
***
Украинин кеманашна Росси богIу некъ боьхкур бу кху шеран 25-чу октябрехь дуьйна. Иштта сацам тIеэцна Украино Россин кеманийн хьокъехь изза сацам бина хиларца доьзна.
***
Селхана Донбасехь ДНР-н а, ЛНР-н а куьйгалхоша куьйгаш яздина тIеман еза техника дозанашкара юхаяккхаран хьокъехь болчу бартана. Цхьа бутт балале юхаяьккхина хила езаш ю иза.
***
Москвахь дIаяьхьира Россин а, Белоруссин а пачхьалкхийн союзан совминан кхеташо. Цигахь дакъалецира оцу шина пачхьалкхан премьер-министраша.
***
Белоруссин Президента А.Лукошенкос «Орден Почета» яларца совгIат дина Россин Пачхьалкхан Думин председательна С.Нарышкинна.
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо