Оцу ойланехь дIасабахара «Кавказан таро» телепрограммехь дагабовла вовшахкхеттарш
29-чу сентябрехь «Грозный» пачхьалкхан телерадиокомпанехь вовшахкхеттера Россехь дехачу къаьмнашна юкъахь машар, барт хилар дезаш, шайн Даймахке безам болу политикаш а, юкъараллин гIуллакххой а, динан векалш а, кхиберш а. Царна юкъахь вара Россин Пачхьалкхан Думин Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан председатель, Россин Iилманийн Академин декъашхо-корреспондент Сафаралиев Гаджимат, цуьнан заместитель Старшинов Михаил, Россин Пачхьалкхан Думин Юкъараллин цхьаьнакхетараллийн а, динан организацийн а гIуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхо Селимханов Мохьмад, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийчоьнан МВД-н министр Алханов Руслан, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Некъ» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам, цхьамогIа кхиберш.
Мехала цхьаьнакхетар дIа а долош къамел динчу Д.Умаровс тидам тIебахийтира Шемахь а, Иракехь а къиза зуламаш деш, акхаралла гойтуш лелачу «иблисан пачхьакхан» гIеранийн бусалба динца дозуш хIумма а цахиларна. «Иза террористийн пачхьалкх ю. Цо лелош долчу зуламийн сценари США-хь тоххарехь язйина ю. «Иблисан пачхьалкхан» коьрта декхар ду бусалба дин сийсаздар, дерриге а дуьненахь цуьнга цабезам кхоллабалийтар, ткъа иштта бусалбанаш шайн динах дIахьовзор», – элира Умаров Джамбулата.
Цул тIаьхьа къамелаш динчара билгалдаьккхира терроризм а, сепаратизм а пачхьалкх гIелъелча, Iедал малделча, синтем бохарна кхоллабеллачу кхерамна хьакъ ма-дду дуьхьало ца йича кхоллалуш хилар. Иза вайна гойту Герггарчу Малхбален пачхьалкхашкахь хиллачо а, хуьлуш долчо а. «Эзарнаш адамийн дахар хадийна болу Нохчийчохь хилла ши тIом дика дагабогIу вайна. Нохчийчохь хилла бохам вайн массеран а юкъара лазам бу. Цуьнца цхьаьна доккха зеделларг а ду. Цо гайтина вайна нийсачу некъа тIера дIахьаьвзича, хьекъале боцу сацамаш тIеэцча, шегахь доцург лелийча хуьлуш дерг», – бохура М.Старшиновс.
Цо дийцарехь, хIинца Нохчийчоь, евзар а йоцуш, хийцаелла. Цхьана а меттехь гуш яц тIеман лар. Нохчийчоьно терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран доккха зеделларг IаIийна. Иза чIогIа мехала а ду. «Цул совнаха, кхин цхьа хIума а билгалдаккха луур дара суна. Мехкан бахархой чIогIа сема бу динан а, къаьмнийн а юкъаметтигашкахь хуьлуш долчунна. Иза гайтира Къилба-Сахалинерчу суьдо бевзаш болу сацам тIеэцча хиллачо а. И санна дерг нисло адамаша шаьш охIла доцург, шайна цахуург лелийча», – элира Старшинов Михаила.
Къамелаш динчара иштта дийцира Россин къоман кхерамазаллина кхерам хIинца а хилар. Дозанал арахьара вайн мостагIий Россин пачхьалкх йохаре эрна сатуьйсуш бу, вайн махкахь гIоьртина хьал кхолла ойла йолуш бу. Цундела вай массара а цхьаьна царна дуьхьал къийсам дIабахьа безаш хилар чIагIдора эксперташа. «Россина нуьцкъала идеологи оьшу, дерриге а халкъо къобал а йийр йолуш, иза цунна тIаьхьа а хIуттур долуш», – элира Д.Умаровс.
Цо чIагIдарехь, и идеологи уггаре а хьалха вайн массеран а юкъара пачхьалкх чIагIъяран концепци тIехь лаьтташ хила еза. Нагахь санна и идеалаш ца хилахь, нагахь санна цхьана мехкан бахархой шайн-шайн къаьмнийн, линийн «хIусамашка» дIасабекъалахь Россина йохоран кхерам тIекхозалур бу.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен масалца дерриге а дуьненна дIагайтина терроризмана а, наркоманина а дуьхьал дIахьочу къийсамехь толам баккхалург хилар. Цуьнан кIанта Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тахана а дIахьош бу шен дас юьхьарлаьцна некъ, кхочушдеш ду шен ден весеташ», – дерзийра Д.Умаровс.
С.ХАМЗАТОВ
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо