Кхиаран новкъахь керл-керла гIулчаш йохуш ю вайн республика. Кхиаран лаккхара боларш лах ца далийтаран гIуллакхаш тIехь сема терго латтош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Иза бIаьрла хаалора хIокху деношкахь ТIехьа-Мартан районехь дIаяьхьначу кхеташонехь цо динчу къамелехь а, гIуллакхехь а
Кхеташонан юьххьехь Кадыров Рамзана хаийтира шен декхаршца ларийна воцу районан администрацин куьйгалхо шен даржах мукъавитина хилар а, районан администрацин куьйгалле Сельмурзаев Алихан хIоттош хилар а. «Вайна массарна а дика вевзаш ву Алихан. Кхул хьалха бинчу белхашкахь вовзийтина цо ша. Цхьана юкъана хIусамийн-коммунальни бахаман министерствехь болх бина ву иза. Цо дакъа а лоцуш зене йолчуьра санехь йина и ведомство. Цигахь болх бечу хенахь ша жоьпалле а, тешаме а белхахо хилар гайтина Алихана», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ТIехьа-Мартан район кхиорна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар. Ша аьлларг тIечIагIдеш билггал масалш далийра цо. «ТIаьхьарчу шерашкахь районехь баккхий хийцамаш хилла. Инвестицеш юкъаялоран а, кхечу хьостанашкарчу харжех пайдаэцаран а чоьтах схьайиллина 24 школа, 4 берийн беш, 6 маьждиг. ТIехьа-Мартанахь а, Закан-Юьртахь а даккхий тIайш техкина, спортан комплекс, «Россин Почтан» отделенин гIишло, ткъа иштта Даздарийн цIа дина. Пачхьалкхан ерриге а гIишлош тоеш-куьце ялийна. Боккха болх бина хица кхачояран декъехь. БIе километр гергга хин биргIанаш ехкина. Хийцина 171 километр газан биргIанаш», – элира цо.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира район меттахIотторан оперативни штабо болх бечу муьрехь бинчу белхашна а. Футболан майданаш йира, районийн къийсадаларш дIадахьа йоккха стадион йира. Боккха болх бира агропромышленни комплекс меттахIотторан декъехь. Районехь болх беш ю зIакардохнан йоккха фабрика. МеттахIоттийна чIерий кхиоран предприятеш. Цул совнаха, 2014-чу шарахь меттахIоттийна Бумат юрт. ТIеман муьрехь ерриге а йохийна дIаяьккхина яра иза.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан чоьтах оцу юьртахь администрацин, почтан гIишлош, маьждиг, бахархошна 30 цIа дира, чохь йийбар дIа а хIоттош. Хьехархошна дира бархI хIусам йолу цIа. Ши бIе сов стагана гIишлошъяран коьчалш елира. Цуьнца цхьаьна бархI километр хин а, газан а биргIанаш ехкира, 20 километр электросери тесира, 150 эзар кубически метр гIишлойн хьакхлагIаш дIаехира», – чIагIдира Кадыров Рамзана.
Кхеташо ерзош Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцира Iедало кхул тIаьхьа а районан экономика, социальни дакъа кхиорехь гIодийриг хиларх лаьцна. Делахь а районан куьйгалхой а, бахархой а хила беза шайн районах, республикех дог лозуш, уьш кхиорна юкъа шайн къинхьегаман хазна юьллуш.
Д.АНАДЕВ
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо