Бахархошца беш болу болх жигарабаккха беза

ТIекхочуш бу Iаьнна чудоьрзу мур. Цунна бинчу кечаме хьаьжжина хир ду  Iадаккхар а. Гуьйренан-Iаьнан муьрана кечам  баран гIуллакхех лаьцна дийцира хIокху деношкахь  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан республикин районийн, яртийн куьйгалхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цигахь  иштта дийцира кегийрхой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорах лаьцна а.

9ee9be79

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира шен-шен хенахь  бахархошца цхьаьнакхета а, Iедалша деш долу дерриге а гIуллакхаш царна довзийта а дезаш хилар. Къаьсттина мехала ду кегийрхошна юххехь хилар, церан хьашташ  довзар, кегийрхойн юкъараллин организацешна гIодар.

«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин новкъа вай дIаса ца таьIаш дIадахар бахьана долуш вайн таро хилла терроризм а, вахабизм а эшо. Амма экстремизм ца хилийтарехьа гIуллакхаш хаддаза дIахьош хила декхар ду», – элира Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаьккхира бахархошца  болх дийнахь а, буса а дIахьош хила декхарийлахь хилар. Дан тарлуш дерг дерриге а  дан деза халкъан гIиллакхаш а, Iадаташ а Iалашдархьама. Нагахь санна къона  тIаьхье  вайна  хийра йолчу идеологин Iаткъамна  кIела йодахь, вайн къоман башхалла, синмехаллаш йовр  ю. Иза хилийта мегар дац.

Кадыров Рамзана дийцира  шен командехь бакъболу патриоташ, халкъах доглозуш долу адамаш хиларх лаьцна.

«Со тешна  ву шен Даймахкана гIуллакх дар, юкъараллина  пайдехь  хилар шух хIорамма а шен  ирс  лоруш хиларх. Иза ондда даг чу  дижийча бен кхочур дац вай балхахь кхиамаш бахаре», – элира цо.

Ярташкахь, бахархой бехачу кхечу  меттигашкахь долу хьал довзархьама, дан дезаш долу гIуллакхаш кхиамца  кхочушдархьама, районийн куьйгалхой декхарийлахь  бу  хаддаза ярташкахь хила а, бахархойн хьашт-дезарш довза а, цаьрца  даггара къамел дан а.

 

С.МАМАЕВ

№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: