Хаам

2014-чу шеран 21-чу июлехь, герггарчу хьесапехь 21 сахьт 30 минот яьлча федеральни «Соьлжа-ГIала – Шуьйта» некъан 8-чу километрехь Соьлжа-ГIалара Шуьйта йолчу агIор некъан-транспортан бохам хилла, «ВАЗ-217030 Лада Приора» марка йолу, пачхьалкхан регистрацин «Т 321 ТТ 95 rus» билгало йолу, Iаьржа бос болу  машен а, «ВАЗ-2I7030 Лада Приора» марка йолу,  пачхьалкхан регистрацин «Т 414 ВХ 102 rus» билгало йолу, сирла-детин бос болу машен а вовшах а кхетта. И бохам хилар бахьана долуш кхелхина «ВАЗ-217030 Лада Приора» пачхьалкхан регистрацин «Т321 ТТ 95 rus» билгало йолчу машенан пассажир а, «ВАЗ-217030 Лада Приора» пачхьалкхан регистрацин «Т 414 ВХ 102 rus» билгало йолчу машенан водитель а.

Оцу некъан-транспортан бохамах лаьцна Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехула йолчу тIеман талламан 505-чу отделехь толлуш ду уголовни 14/33 0083-14 йолу гIуллакх.

Уголовни гIуллакх нийса а, массо а агIор а таллархьама, и некъан-транспортан бохам гинчаьрга массаьрга а доьху 8924 373–33–33, 8(8712) 33–23–21 номершца телефон тохар.

С.С.КОЗЬМЕНКО

Россин Федерацин Талламан комитетан тIеман талламан 505-чу отделан куьйгалхо, юстицин полковник.

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: