Шершина-м ца еана?
Говр йохка базара вахана БаIис. Иза эца дагахь, тIе а хиъна, говр дIасайолаялийтина цхьана къонахчо.
– Муха хийти хьуна? – хаьттина БаIиса говрахь верг охьа воьссича. Иза вистхила кхиале юкъаиккхина мах бохо марзвелла волу Къуддуз:
– ДIаяккхахь дIа! Говр ю иза? Я болар а дац, я чабол а дац, я ядар а дац…
– Вай, болар а, чабол а, ядар а ца хилча ДаьргIара дуьйна Ведана кхаччалц шершина-м ца еана хIара? – цецваьлла БаIис.
Больнице кхача сиха ву
Iодара кхоьссича санна, чехка машен хаьхкина вогIуш волу БаIис сацийна гаишнико. Иза машенара охьавоьссича цуьнга бехк баккха волавелла:
– Хьо жима а вац, машен иштта чехка хIунда хоьхку ахь…
– Накъост, бехк ма биллалахь, больнице кхача сиха ву со.
– ТIетаIае тIаккха, сихха дIакхочур ву хьо, я кхачор ву, – аьлла гаишнико.
Зезаг, хьо дуй иза?
Кхиъна яьлла йоI хилла БаIисан. Цхьана дийнахь цхьамма телефон тоьхна цуьнга. Чохь кхин стаг а ца хилла, телефон схьаэцна БаIиса. ХIара «ладугIуш ву» ала кхиале:
– Зезаг, хьо дуй иза? – хаьттина телефон тоьхначо.
– Дац! Зезаг кхиийнарг ву! – жоп делла БаIиса.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо