Дика студент – массарна а юьхькIам

АХМАРОВА ХАТИМАТ НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН УНИВЕРСИТЕТАН ЭКОНОМИКА А, ФИНАНСАШ А ФАКУЛЬТЕТАН 3-ЧУ КУРСАН СТУДЕНТ Ю.

студентка
Университетан куьйгало а, нийсархоша а дика цIе йоккху цуьнан. Дешарца дика ларош хиларал совнаха, ша 1-чу курсехь йолуш дуьйна а университетан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцу цо. Ерриге а Кавказан «Машук-2014» кегийрхойн форуман лауреат а ю Хатимат. ТIехдика дешарна а, Iилманан декъехь кхиамаш бахарна а Россин Федерацин Президентан стипендиат ю студентка. Iилманан декъехь кхидIа а къахьега дагахь ю иза. Хатимата дийцарехь, оцу факультете деша яха лаам цуьнгахь кхоьллинарг а, дешарна тIехь гIо динарг а цуьнан йиша ю. Иштта, цунна даима а массо а хIуманна тIехь гIо деш ву экономикин а, финансийн а факультетан деканан 1илманан балхехула деканан заместитель волу Таштамиров Мохьмад а. Иштта студенташ университетана а, вайна массарна а юьхьк1ам бу.

З.САГАЕВА
Авторан сурт

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: