Берашца бечу балхах самукъадолу

Цукаева Хьаснаа школехь болх бен 30 шо хан ю. ТIехьа-МартантIехь йина а, кхиъна а ю иза. Цигара №2 йолчу школехь дешна цо Школехь дика доьшуш яра иза. Иштта, школехь доьшучу хенахь Хьаснаъ географех, исторех кхечу предметел дика кхеташ яра. Дика дешарал сов, цо жигара дакъалоцура школин, районан  конкурсашкахь а, олимпиадашкахь а. Историн олимпиадашкахь даима аьлча санна кхиамаш бохура Хьаснаа. Шайн школехь спортан декъехула дIахьочу къийсадаларшкахь а дакъалоцура цо. Къаьсттина яйчу атлетикехула а, шашкех ловзарехула а хуьлучу къийсадаларшкахь толамаш бохура.

 

Массанхьа ларош яра Хьаснаъ.

«Сайн дуьххьарлера хьехархо, Нина Ивановна яра иза (фамили дага ца йоху), чIогIа дукхаезара суна. ХIетахь-м жима яра со, хIетте а, цуьнгахь дуьххьара марзъелира суна хьехархочун корматалла. Дукхахберш-м цецбевллера ас и корматалла харжарх, ткъа сан да-нана гуттар самукъадаьлла хьаьвзира», – дуьйцура Хьаснаа.

Школа кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1982-чу шарахь иза деша яхара Соьлжа-ГIалин хьехархойн училище. Цигахь дешна яьллачул тIаьхьа, шайн юьртарчу №1 йолчу школе балха яхара иза. Цуьнга дуьххьара юьхьанцара класс елира. Бераш кегий хиларна мелла а хала дара къоначу хьехархочунна. Иза, къона хиллехь а, сиха дIаийра  берех. Цунна бераш дукхадезаш хилар бахьанехь дара иза. Карарчу хенахь лакхарчу классашкахь истори хьоьхуш ю Хь.Цукаева. Хьаснаъ тахана а шен белхан хIора де деза а хеташ йоьду балха. Берашца болх беш самукъадолу цуьнан.

Хьехархошна юкъахь дIахьочу конкурсашкахь дакъалоцу Хьаснаа. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран цIарах елла Сийлаллин грамоташ ю цуьнан.

 

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: