Дика говзанча

Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу школехь физкультура хьоьхуш волу Чентиев Рахьман ГIалгIайн махкарчу Малгобекан районан Доьлака юьртахь вина. Малгобек гIалахь чекхъяьккхина цо №6 йолу юккъера школа. Шен 18 шо кхаьчча эскаре вахана, цигара цIавирзинчул тIаьхьа, 1981-чу шарахь деша  вахана Серноводскерчу юьртан бахаман техникуме.

IMG_9964

 

1984-чу шарахь иза кхиамца чекхйоккху, 1988-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте «физически культурин хьехархо» говзалла караерзо деша воьду. Цигахь дешна волу 1993-чу шарахь. Цо дийцарехь, 1991-чу шарахь Малгобекан районерчу интернатехь дIаболабо цо хьехархочун болх. Цигахь 10 шарахь болх бинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу юккъерчу школе веара Чентиев Рахьман. Шен дешархошна, белхан накъосташна юкъахь сий-лараме кхаьчна иза. Школин директор Ахъядова Роза а чIогIа реза ю цо бечу балхана. Шаьш вовшахтухуш долу цхьадолу гIуллакхаш цунах тешадо школин куьйгалло. Иштта, тIеман гIуллакх довзуьйтуш, къоман патриоташ хила Iамабо цо дешархой. Цуьнца цхьаьна, бераш футболах ловза Iамадо. Иза дика говзанча хилар тIечIагIдо цунна Iедало елла Cийлаллин грамоташ а, дипломаш а хиларо. Царна юкъахь ю къона тIаьхье кхетош-кхиорехь дика къахьегарна Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима елла Сийлаллин грамота а.

И.МАТАГОВ

М.Ибрагимовн сурт

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: