шех иштта ала йиш йолуш ву кху 30 шарахь ТIехьа-Мартан районан ШаIми-Юьртарчу
юкъарадешаран школехь математика хьоьхуш волу
Сибиров Сулиман
БIаьстенан юьххьехь дуьне дендо Iалам, даима а шатайпа исбаьхьа, хаза хуьлу кху юьртахь. Еа а агIор гуобаьккхина догIучу жимачу а, даккхийчу а хишна юккъехь Iилларе терра, цIеначу хIавао а, синбилгало яржале, тайп-тайпанчу аьзнашца декачу олхазарша а тIедузу цуьнан сурт.
Оцу исбаьхьаллех ган хIумма а доцучу, шийлачу Iаьнан Iуьйранна юьртахой махкахбаьхначу юьртана, 71 шо хьалха, «Зеленая роща» – «Баьццара боьлак» цIе тиллар стенах доьзна хилла-м ца хаьа, амма цуьнан хазаллица йогIуш цIе-м хилла иза.
«Зеленая рощех» юха а ШаIми-Юрт хиллачул тIаьхьа дуьнен тIебевлла, кхиъначех ву Сулиман. Махкахдахаран къахьалла ца йовзахь а, цIа дирзича, юхаметтахIотта гIерташ къахьегар дика дагадогIу цунна.
– Оцу шерийн а, сайна хьехначу хьехархойн а, тхайн дай-нанойн а тахана ас ойла йича, шаьш охIла боллу диканиг тхуна цара делла хиларан шеко яц сан, –дуьйцу цо, – мел къен а, хала а дара юьртахойн хьал. БIаьстенца буьйлалой гуьйренан догIанаш дуьйладаллалц, совхозан кхаш тIехь ялта дуьйш-дерзош къахьогура цара. Буракаш, наьрсаш, помидораш лелор, царна асар дар, уьш чуерзор зударийн-берийн гIуллакх дара. Латта ахар, хIу тасар, мекха баккхар, кира дIасадахьар, кIа, хьаьжкIа, мукх хьакхар – божарийн гIуллакх дара. Оцу балхаца лелош керташ а, даьхни а, хIора доьзалехь кхиош 5-6-7 бер а дара, хIоранна а уьйтIахь деш цIа-рагIу а дара. Балхахь доцуш, мукъа хан йоккхуш дага ца догIу суна сайн да-нана. Кога хIоьттичхьана а къахьега Iамадора цара тхо а. ЦIера белхаш ца тоьаш, гена балха, «шабашке» а оьхура. «Шабашка» мича яра иза, цIахьчул шозза алсам къахьега дезаш гIуллакх дара. Доцца аьлча, хала дара дахар. ХIетте а, цхьа а воьлхуш вацара, Iедале ша кхаба бохуш арздеш верг а ца хаалора. Ишттачун ойла йича, вай тахана атта дехаш хиларан цхьа а шеко яц. Амма гIиллакх-гIуллакхийн мехаллаш листа воьлча, бераш, кегийрхой кхетош-кхиорехь цхьа коьртаниг карара даьлла хилар го.
Ткъеитт шо ду Сулимана школехь хьехархочун болх бен. ХIора а шарахь 20 дешархочо бен школа чекх ца яьккхича а, цунна хьалхахула ялх бIе дешархо чекхваьлла, ткъа уьш шозза а, кхузза а дукха хилла. «Iилманийн паччахьна-математикина» бецарш кIезиг белахь а, шайн хьехархочун некъ хаьржинарш бу царна юкъахь – Хатаева Шукран а, Коврнукаев Адам а, Шахбиев Микаил а, Хачукаева Разет а, Азимов Хаважи а, иштта кхиберш а.
– Школерчу дешарна юккъе хIора а шарахь догIу керл-керланиг математикица доьзна хиларна, – боху хьехархочо, – лаам хуьлу, хьан гIуллакхна тIаьхьа ахь хьехна дешархо вахар, делахь а дешархочо ша къастадо шена товш дерг. Математик хир ву аьлла дагахь долуш вацара со а, амма сан хьехархочо, Джамалханов Шемала, хIора а урокехь, хьох математик хила веза, олий, тIедуьллура суна. Цуьнан лаам кхочуш ца бан эхь хетта вахара со, 1977-чу шарахь, юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча, вайн университетан математикин факультете деша. Эскаре вахана юкъахдаьлла 2 шо доцург, дешна ваьллачул тIаьхьа, сайн хьехархо хиллачу Шемалан белхан накъост со волу а 30 шо дIадаьлла. Мелла а юкъахваьлла хан яьккхича а, хьаьвззий, схьавогIу кхуза. Хьехархо – болх хилла ца Iа, иза хьох дIа ца долу «лазар» ду.
– Сулиман санна болу хьехархой оьшуш бу вайн школашна, берашца бечу балхана чу садиллина, дика хьехархо ву иза, – элира цунах лаьцна школин куьйгалхочо Саралиев Солсбека, – кхушара дукха болх бира цо бераш ЕГЭ-на кечдеш. И бахьана хилира, кхушара хьалха хиллачул дика жамIаш математикехула тхан хиларан.
Муьлхха а хьехархо санна, хьолана вукъвелла вацахь а, йиш-вешина дика ваша а, нанна дика кIант а, доьзална дика Iу а, юьртахошна хьанал юьртахо а ву Сулиман. Луур дара иза Хьехархойн Денца даггара декъалван.
Т.Алиева
Суьрта тIехь: С.Сибиров урокехь
№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо