Хиндолчух дегайовхо кхуллу

Соьлжа-ГIаларчу дешаран кхерчашлахь тоьллачарех ларалуш ю №1 йолу гимнази. Кхечу агIор цуьнан хуьлийла а дацара. Дала гIазот къобал дойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  цIе лелош ма ю гимнази. ЧIогIа къахьоьгу хьехархоша, дешархоша, ткъа уггаре а коьртаниг гимназин директора Бараева Лизас оцу цIарна хьакъ хила гIерташ. Цуьнан дукхах йолу хан гимназехь дIайоьдуш ю, цIа а, доьзал а цкъа а хила ца хилча санна. Цкъа мацах безаш хаьржинчу балхана  тешаме йолуш чекхйолуш ю хьехархо шен  дахарехь. Цуьнан сагатло бераш доцчохь, ткъа ша куьйгалла дечу гимназера дешархой къаьсттина дика, кIорггера хаарш долуш хила лаьа Лизина.

Бараева

Цунна школехь доьшуш йолуш дуьйна хаьара шех хьехархо хир юйла. Ткъа хиллал хуьлуш хилча тоьлла хьехархо хила лаьара. Цундела 1985-чу шарахь, кхиамца Соьлжа-ГIалара №91 йолу школа чекхъяьккхина Нохчийн Пачхьалкхан университетан математикин факультете деша яхара йоI . Жимачохь дуьйна Лизин самукъадолура математикин дарсашкахь. Исбаьхьаллех дуьзна хетара терахьийн шатайпаллица къаьста  башха дуьне.  Университето гIо дира математикехула долу  хаарш кIаргдан а, говзалла караерзо а. Туьйранахь санна чекхделира дешаран пхи шо. Диплом схьаэцначу хьалхарчу дийнахь къона хьехархо Шелан районан Чуьйрин-Эвларчу юккъерчу школе балха хьажийра. Iаламат ирсе де хетара къоначу говзанчина ша классехь дуьххьара дешархошна хьалха  дIахIоьттинарг:  ткъе итт гергга бер, церан дуьне довза хьаьгна бIаьргаш, хIоранна шен амал. ХIинца а дагадогIу Лизина и  хьалхара де. Заманан йохалла кхин хийцаделла хIума дацахь а. Ткъе пхеа шаре хьалакхочуш лаьтта Бараева Лизин белхан стаж. ХIора шеран хьалхара сентябрь даима ду  карзахечу ойланаша садууш, синтемах воккхуш. Делахь а дуьххьара дешархошна хьалха хIоттар  цкъа а диц ца ло бакъволчу хьехархочунна. Хьоме ду иза Лизина. Масех шарахь Чуьйрин-Эвлахь болх бинчул тIаьхьа, ша итт шарахь дешначу Соьлжа-ГIаларчу №91 йолчу школе дехарш дина схьаялийра Бараева Лиза, дешархошна математика хьеха. Атта дацара цу школехь болх бан. Селхана йоьIан хилла хьехархой бара хIинца кхуьнан белхан накъостий. Царех мелла а озалора къона хьехархо, шегара цхьа ледарло яларна кхоьруш. Амма лаккхарчу тIегIанехь хьехархочун корматалла йолчу йоIах дозалла дора кхуьнан хиллачу хьехархоша. Гуш дара Лизина болх безаш хилар, берашца цуьнан самукъадолуш хилар, кIорггера хаарш, ира хьекъал, цIархазмана доцуш, цIенчу даггара лелош гIиллакх-оьздангалла кхуьнца хилар. Хала хан яра иза. Массарна дагадогIу ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу хенахь вайн махкахь къинхетамза дIахIоьттина хилла  цхьа кегабелла мур. Луш алапа дацара, школаш тергалъеш стаг вацара. Бакъду, Нохчийчуьрчу хьехархоша дIа-м ца тесира шайн болх. Цкъа мацца а зама, Iедал хийцалур дуй хууш къахьийгира вайнехан хьехархоша. Таханлера  бераш  къоман кхане юйла хууш. Цу инзаре халачу хьелашкахь хьанал къахьегначарех цхьаъ ю Бараева Лиза. Кхуьнан нуьцкъала амал, дуьне цецдаккхал йолу синаондалла, халкъана, махкана  хьанал хилар тидаме оьций, кхойкхий Соьлжа-ГIаларчу лицей дIаюьгу иза 1998-чу шарахь. Цунах тешадо директоран заместителан дарж. Дешархой кхетош-кхиоран  деза дукъ дуьллу йоьIан эгIазчу белшаш тIе. Иза керла дара къоначу хьехархочунна. ХIинццалц шена билгалъяьхначу классашкахь математика хьехча йолуш яра хIара. Ткъа хIинца массо беран а бала кхачар тIедужуш дара. Берийн кхиаза долу синош дара кхуьнга схьакховдинарш, церан аьрга синкхетам хьекъалх Iабо дезаш яра хIара. Уггаре а хьалха Бараева Лизас Iалашо билгалъяьккхира: ша бечу хьехамашкахь нохчаллех къилба дар. Оьздачу вайнехан кхерчара схьаяьлла иза дика кхетара нохчаллийн гурашкахь хьалакхиийна бер синзаьIапалла йолуш хирг ца хиларх. Ткъа синшорто  йолчу стага хIайкал санна лардийр ду дайн Iадаташ. ТIаккха ала мегар ду цунах къонах, я Даймахкана хьанала йоI я кIант. Иштта беркатечу хоршахь дIахIоттийнера Бараева Лизас Соьлжа-ГIаларчу лицейхь ша беш болу болх. Амма дукха хан ялале юха а хийца дийзира белхан меттиг. Кхуьнан бехкенна-м дацара иза, хьуьнаре нах массанхьа а оьшуш бу-кх. 1998-чу шеран гуьйранна хIинца ша болх бечу гимнази сехьа елира иза. Юьхьанца лицейхь санна директоран заместителан болх беш яра, изза кхетош-кхиоран  атта доцу дукъ дIатекхош. Мелла а хан яьлча гимназин директор хIоттийра. Бакъду, муьлхха болх шега схьакховдабарх хьакъдоллучу тIегIанехь и бан а, шена тIедехкина декхарш кхиамца кхочушдан а гуьнахь долуш ю вайн турпалхо. Вайна  дика хаьа 2000-чу шеран шийлачу бIаьстенан юьххьехь Нохчийн Республикин коьрта шахьар мича хьолехь яра? Луьста динчу авиатохарша лаьттах дIаийинера вайн хьоме гIала. Наггахь гIишло яцара  ирахь лаьтташ. Иштта беркъа яьлла яра Соьлжа-ГIалара №1 йолу  гимнази а. Амма нохчийн зударий цкъа а ца хилла халонех къехкаш. Царех цхьаъ ю Бараева Лиза. Да вийнарг Iебар волуш яра гимназин гIишло, авиатохарш нилха довлийтина, директор цунна тIееача. Цкъа хорам хилира кхунна, елхар а иккхира. ТIаккха къаьхьа къурдаш легашкахь сецош, церга балда лаьцна балхана тIейирзира, тIеман къизалло гулйина чалх дIасаяккха. Нийса хир дацара гимназин гIишло Бараева Лизас ша цхьамма тойина дIахIоттийна аьлча. Делахь а куьйгалхо, хIоьттинчу хьолах дог лозуш хилча, хьалхавала цуьнгахь доьналла хилча, халонашна и пе бетташ ца хилча белхан накъостий тIаьхьа хIуьтту. Иштта Лизина  улле дIахIиттина, дешархой тIеэца гимнази мелла а битаме  ялийра хьехархоша. Корашка телат туьйхира, нехаш дIаехира, берашна охьаховша гIант, стол нисдира. ТIамо дакъаздаьккхинчу нохчийн къоман кхане сирла хила лууш шайн ницкъ кхочург дира цара массара а. Цундела Соьлжа-ГIаларчу школашна юкъахь дешархой тIеэцначеран хьалхарчу могIарехь яра гимнази. Бараева Лизин хьуьнарех, корматаллех, къинхьегамах схьадаьлла беркат дара иза. Дукха хан ялале вайн коьртачу шахаьаран бахархошна гимнази гIаръелира кхузахь бераш къаьсттина дика Iамадо бохуш. Мел генахь Iашверг а шен бер Лизина хьалха хьалакхиа лууш хуьлура. Иза ларамаза дацара. ЧIогIа къахьоьгура директора дешархой хааршна сутара хилийта. Вайн махкахь мел хуьлучу конкурсашкахь, олимпиадашкахь, исбаьхьаллин хьажаршкахь даима дакъалоцуш бара гимназера дешархой. Дукха хьолахь хьалхара меттигаш йохура цара. Иза ца гойла дацара гIалин, мехкан куьйгаллина. Бараева Лизин хьуьнар а,  корматалла а бахьанехь  делла алссам совгIаташ ду цуьнан. Амма массо хIуманал деза, доккха совгIат хета цунна 2005-чу шарахь дуьйна ша куьйгалла деш йолу гимнази Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийлахь цIе лелош хилар. Хьалхарчу классе бер деша схьадоггIушехь цу жоьпаллех кхето хьожу директор а, хьехархой а. Цара хаддаза дуьйцу дешархошка халкъан дуьхьа Ахьмад-Хьаьжас шен дахар дIаделла хиларх  а, Iинах доьдучуьра нохчийн къам цо кIелхьарадаьккхина хиларх а. Тахана уьш дешархой хиларх, къоман кхане цаьргахь юйла хууш, тIекхуьучу чкъураца беш болу кхетош-кхиоран болх хаддаза лакхарчу тIегIанехь латтабо Л.Бараевас. Уггаре а хьалха халкъана, махкана пайдехь хир  долу адам  дешархочух  кхио лаам болуш ду цуьнан къахьегар. МогIарера хьехархо хилла Iаш яц иза.

2007-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо ю. Иза йоккха цIе ю. Вайн турпалхочо санна ларъеш хилча-м муххале а. Бараева Лизас ца кхоайо шен комаьршачу деган  серло. Къоман сирлачу кханенан дуьхьа хьанала къахьегарехь карийна цунна шен ирс. Ма дика ду и тайпа башха адамаш вайн махкахь долуш.

 

А.Арапханова 

 

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: