Нохчийчохь дешар тIеттIа толуш ду

 Хьехархойн корматаллин де т1екхочуш оха дийхира Нохчийчоьнан Дешаран а, Iилманан а министран заместителе Каимов Iабдурахьмане «Даймохк» газетана интервью ялар. Тхан дехарна резахиларца жоп делира цо. Х1инца оха шун тидаме юьллу иза.

qqqqqqqqqqqqqq

– Iабдурахьман дийцахьа, хIун хьал ду тахана вайн республикерчу школашкахь?

 

– Хууш ма-хиллара, кху заманан дахаран хьелашка ладоьгIча, юкъараллин дахар кхиарехь хьовха, муьлххачу а стеган социальни кхиарехь а коьртаниг дешар ду. Адаман къинхьегаман кхачо а дешарх йоьзна хилча, пачхьалкхан экономикин хьал а цунах доьзна ца хилча ца долу. Цундела, тахана кхачаме дешар цхьана стагана эшна Iаш дац, иза ерриге юкъараллина а оьшу. КIорггера хаарш, Iилманца уллера гергарло  мел хили а вайн махкахь лаккхара корматалла йолу белхахой а, говзанчаш а сов буьйлу. Керла технологеш юкъаялорца лакха йолу церан говзалла а, шарло  корматалла а. Нохчийн Республикехь алсам школаш ю, корматаллин колледжаш ю, лакхарчу дешаран кхерчаш бу.  ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн республикехь инзаре ирча, баккхий бохамаш хилла. Халкъана, махкана Iаламат даккхий зенаш хилла. Кхидолу массо а хIума санна, дешаран кхерчаш хIаллакбина. Цундела дукха хан яц уьш метта хIиттийна. ХIара шо тIекхаччалц дIахьош дара дукхах йолу школаш меттахIиттор, цуьнца цхьаьна дIахьош дара керла школаш схьаеллар, дешаран гIирс-коьчал вовшахтохар, классашчохь йийбар нисъяр. Дешаран кхерчаш уггаре а хьалха нисбан а, тобан а дезар билгалдаьккхинарг вара Дала гIазот къобал дойла цуьнан Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан беркат хьерчачу массо хIуманехь санна, бIаьрла кхиамаш бу дешаран декъехь а.  Царех тхо Iаламат даккхий а де. Делахь а шина сменехь доьшуш 319, кхаа сменехь доьшуш 56 школа хилча, ткъа кхин 57 дешаран кхерч шайн долахь гIишло йоцуш хилча, (уьш муниципальни елахь а)  дан дезарг кIезиг цахилар билгалдолу-кх.

 

 – Маса школа ю вайн республикехь? Цигахь массанхьа хьехархой тоьаш буй?

– Таханалерчу дийнахь вайн республикехь болх беш 456 школа ю,  дешархой охьаховша 168 738 меттиг йолуш. Цигахь доьшуш верг верриге а 240 760 дешархо ву. Царех 79 школа дешархошна цхьана сменехь деша аьтто нисбина ю. 321 школа шина сменехь доьшуш ю. Мел хала хеташ делахь а 56 школа кхаа сменехь доьшуш ю. Иза тхан лазам бу. Тхайн ницкъ ма кхоччу и кхачамбацар дIадаккха лууш,  къахьоьгуш ду тхо. Дала мукъ лахь кестта цу школашкахь тхайга хийцам балур бу аьлла дог тешна ду тхо. И дегайовхо латто тхуна  ницкъ ло вайн  Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикера школаш а, дешар а  хаддаза шен семачу Iуналлехь латтош хиларо. ШолгIачу хаттарна жоп иштта лур дара ас: хIора шарахь керла школаш махкахь еш хиларе терра, Россин кхечу регионашкахь санна тхан а ю хьехархойн къелла. Ца тоьаш верг 397 хьехархо ву. Делахь а и кIайдарг дIаяккха гечонаш лохуш ду тхо. Масала, Нохчийн пачхьалкхан университетаца бина барт бу 2015-чу шеран 1-чу сентябрехь дуьйна министерствон чоьтах Iалашонан программехула 40 стаг кечван. Царна юкъахь хир бу нохчийн мотт, литература, истори, физика, хими хьеха говзанчаш.

 

– Верриге а маса хьехархо ву Нохчийчохь болх беш? Царна юкъахь халкъан а, Нохчийн Республикин хьакъволу а хьехархо  маса ву?

– Вай махкахь тIаьххьара оха динчу жамIашца 22 942 хьехархо ву. Царех 90 «Россин Федерацин юкъардешаран Сийлаллин белхахо» ву. Иштта, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо 476 ву. Кхузахь суна билгалдаккха луур дара уьш берриге дуккха а шерашкахь вайн школашкахь хьанала къахьегна, лаккхарчу тIегIанехь дешархошца кхетош-кхиоран болх дIакхехьна, шайн дахар дешарна дIаделла адамаш хилар. Цкъа а ца даста тоьхна доза дац и 476 стаг. Кху шарахь хьехархойн корматаллин де тIекхочуш и терахь лакха даккха дагахь ду тхо.

– Нохчийн мотт хьоьхуш маса хьехархо ву?

– Нохчийн мотт хьоьхуш вайн школашкахь 1 783 стаг ву. Царна юкъахь дуккха а къона хьехархойн бу, вайн лаккхарчу дешаран  кхерчан говзанчаша кечбина. Царех Iаламат йоккха дегайовхо ю тхан. Теша лаьа халкъана, махкана пайде адамаш цара кхиориг хиларх. Къона хьехархой дика кхета аьлла хета суна, тахана шайна хьалха долу бераш къоман кхане хиларх. Нийсонца дуьстина, бакъонца нисдина вайн дайша схьакховдийна оьзда гIиллакхаш Iамор ду аьлла хета суна цара, дешархошна ненан мотт Iаморал совнаха.

– Бакъ дуй хIокху дешаран шеран чаккхенехь нохчийн меттан экзамен ЕГЭ-на юкъахь хир ю бохург?

– Нохчийн меттан экзамен ЕГЭ-на юкъаяхийтар ма-моьтту атта гIуллакх дац. Тхуна сихо ян  лаарх, иштта сиха нислур долуш дац иза. Таханлерчу дийнахь экзамен юкъаялорна кечам беш бу, и  чекхбаьллачул тIаьхьа оха хаам  бийр бу – Iалашо кхочушхилла, вайн мотт кхиорехь кхин цхьа гIулч яьккхина, аьлла. Цкъачунна и экзамен юкъаяло тхо кийча дац. Делахь а, хьахаделлачуьра  дийца лаьара суна министерстовос нохчийн мотт кхиоран  а, Iалашбаран а декъехь беш болчу балхах.  Нохчийн мотт а, литература а интернетан гIоьнца кхиорна лерина проект ю оха  юкъайоккхуш. Иза лерина ю дешархойн нохчийн матте, литературе болу безам кхиорна. Цу гIуллакхана лерина схьайиллина телестуди ю тхан. Цу чохь дIагайта билгалйина тоьллачу хьехархойн конкурсах чекхъяьлла 600  гайтаман урок ю . Цул сов,  и телеурокаш  лур ю тоьллачу, белхан алссам зеделларг долуш болчу хьехархоша.  Цу  хIора урокан чаккхенехь къастийна цIахь бан беза болх а, тест а, тренажер а хир ю. Суна мехала хета и гIуллакх. Тхо тешна ду, оцу проекто нохчийн мотт Iамон лууш, амма таро йоцуш, масала, кхечу махкахь вехаш хиларна, тIаккха, школашкарчу дешархошна  а,  хьехархошна а, нохчийн мотт безаш мел волчунна  а гIо-накъосталла дийриг хиларх. Нохчийн мотт – иза вайна Дала дина совгIат ду, кхечу къаьмнех къастош. Иза тесна буьтийла дац вайн  БIешерийн кIоргенера вайн оьздачу дайша ларбеш схьабеана хилча вайгахь хьекъал, доьналла хила деза, Iалашбина тIаьхьарчу тIаьхьенашка иза  дIакховдо.

Баркалла!

 

Интервью дIаяьхьнарг –
Газиева Аза

 

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: