Сица а, ойланца а цхьаьна

  Соьлжерчу юккъерчу школехь дIаяхара тхан уггаре а ирсе хан. 5-чу классе  девлча,  тайп-тайпана предметаш юьйлаелира. Царна юкъахь суна уггаре а  хазахеташ ерш ингалсан, немцойн меттанийн урокаш яра. 1970-чу шерашкахь  немцойн  мотт хаар  доккха дозалла ларалора. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIабаьлла 20-х шо сов бен дацара. Тхуна немцойн меттан урокаш хьеха  яийтинарг тхан классан куьйгалхо Худощина Валентина Михайловна яра. Цкъа а ца йицло цо дуьххьара елла урок. Лекха оза дегI , хьаьрса месаш, сийна бIаьргаш долуш оьрсийн хьехархо сибатца къасталуш яцара немцойн зударех. Цхьа дош оьрсийн маттахь а ца олуш  «Stet auf» («Встали все»), «Stet gtrade»(« Встаньте ровно»),  «Guten tag» («Здравствуйте!», «Sets dich»(«Садитесь»), олуш дIайолийра Валентина Михайловнас хьалхара урок. Тхо  цецдевлла дисира хьехархочунна хуучу маттах. Класса чохь тийналла хIоьттинера. Цуьнан багара долуш долу хIора дош дагахь  латто гIертара тхо.

цчитель

Урокехь цхьа минот а эрна ца йойъура Валентина Михайловнас. Дешархо кхето мел оьшуш болу гайтаран гIирс хуьлура цуьнгахь. Элпаш, дешдакъош, дешнаш тIехь долу таблицаш, суьрташ дохьура цо класса чу хIоразза а. Суьрташ тIехь дуьххьара тхуна вевзина турпалхо «Sraibikus» (Шрайбикус) вара. Цунах лаьцна дерг немцойн маттахь Iамадора. Оцу маттахь цхьа предложени вовшахтаса Iемича а, боккха кхаъ хуьлура тхуна. Тхуначул боккха кхаъ хуьлура  цIерачарна. ХIора сарахь Соьлжерчу  пхьоьханахь гуллучу баккхийчу наха дийцаре доккхуш хиллера тхуна школехь немцойн мотт Iаморах лаьцна. Цкъа а ца дицло, цхьана суьйранна сан дедас Ахьмада а (Амас), дедевашас Мохьмада а (Мумас) со шайна тIе а кхайкхина, хаттарш дина. Цу хенахь сан 11 шо дара. Ас немцойн маттахь йийцира сайн цIе а, со Iаш, доьшуш йолу меттиг а, цIерш ехира ден-ненан, гергарчеран,  дийцира Соьлжа-ГIалех лаьцна. Цул сов, цаьрга хаттарш а дира немцойн маттахь.   Гулбеллачу баккхийчу нехан самукъадаларан а, баккхийберан а доза дацара, ткъа  Ама а, Мума а дозаллица лаьттара нийсархошна юкъахь. Дахарехь уггаре а   йоккха мехала  дешар а, Iилма а дуй хаьара царна.

Лаккхара корматалла йолчу Валентина Михайловнас къайлаха тидам бора  немцойн мотт Iаморехь  кхиамаш бохучу дешархойн. Амма  юьхьдуьхьал цхьа а ца хаставора, бераша шайна хуучух тоам  а бина, дешарна тIехь уьш малбаларна кхоьрура иза.

Районийн, республикин олимпиадашка  хьовсош берш  В.М.Худощинас Iамийна дешархой хуьлура. Цигахь цара хьалхара меттигаш а йохура.

Тхан классан куьйгалхо ша хиларе терра, Валентина Михайловнина дика девзара тхо, тхан амалш, къайленаш. Цо зIе латтайора тхан дай-наношца. ХIора а дешархочун  Iер-дахаран хьелаш шен тергонехь латтадора.  Валентина Михайловнина хаьара хIора а шен дешархочо мукъа хан муха йоккху. Оьрсийн къомах хилар доцург,  дикачу амалшца нохчех  ца къасталора  иза. Дай-наноша тхуна Iамош долу гIиллакх, оьздангалла яра цуьнгахь, хьарамчух ларлуш, нийсо лелош, комаьрша   яра иза.   Иза дика нана яра. Цхьа кIант кхобуш Iийначу хьехархочо хьегна къа эрна ца хиллера. Москвахь кхечу пачхьалкхийн меттанийн  пачхьалкхан университет а яьккхина,  Японин, Чинин меттанийн лакхара говзанча хилира цунах.

Нохчийчохь «революци» хилча (1990-гIа шераш) Валентина Михайловна Ростове дIаяхара. Цо чIогIа сагатдора вайн махка беана тIом бахьанехь. Ростов гIалахула тIех йолучу «Грозный-Москва» цIерпошта дуьхьал а юьйлуш, цу тIехь болчу проводникашка  вайн берашна бедарш йоуьйтура. Цул сов, ша ехачу гIалахь тIамна дуьхьал тайп-тайпана акцеш вовшахтухура,  лакхарчу инстанцешка кехаташ а, дехарш а кхоьхьуьйтура. Сица а, ойланца а гуттар шен дешархошца: Мальцагов Лечица, Хаджиханов Сайд-Мохьмадца, Хасимикова Иситица, Джабраилова Розица, Хухаев Мусаца, Джамалдинова Мадусица, Ирисханова Раисица, Азиева ТIаусца, Берсанова Амнатца, Мальцагова Розица, дуккха а кхечаьрца ю иза. Иштта уьш а бу сица а, ойланца а шайн хьомечу хьехархочуьнца. Царах хIора а доьзалца а, балхаца а нисвелла Валентина Михайловнас елла урокаш бахьанехь, цо шен дахаран масалца Iамийна гIиллакх, оьздангалла бахьанехь.

Масех шо ду церан шайн хьехархочуьнца йолу зIе хаьдда.  Соьлжера юккъерчу школин 1976-чу шарахь хиллачу 10-чу «Б» классан дешархой  хиллачеран цхьа сатийсам бу – шайн классан куьйгалхочуьнца  Худощина Валентина Михайловница цхьаьнакхетар.

Б.ДУДАЕВА

 

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: