Уьйр-марзонаш чIагIъен де

Кегийрхойн денна лерина даздаран г1уллакхаш 1-чу октябрехь дуьйна дIадуьйлалуш ду Нохчийчохь. КIошташкахь, гIаланашкахь нохчийн эстрадан а, кIоштийн культурин цIенойн а солисташа дакъа а лоцуш, концерташ хуьлу

 Цу денна лерина спортан тайп-тайпана къийсадаларш а дIахьо: шахматех ловзар, боксан а, футболан а турнираш, и.дI.кх.

Цул совнаха, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а, Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу  комитето а цхьаьна дIахьо «горга стоьлаш»,  конференцеш. Цига кхойкху махкахь бевзина ца Iаш, дуьненна а гIарабевлла  Iилманчаш, говзанчаш, кхиберш. Цигахь дакъалоцуш хуьлу кхечу къаьмнийн векалш а. Цо аьтто бо кегийрхойн вовшашца а, кхечу къаьмнашца а йолу уьйраш чIагIъян.

Иштта, вайн махкахь ламаст  хилла схьадогIуш ду  Кегийрхойн денна лерина керл-керла гIишлош схьаеллар а: спорткомплексаш, культурин цIенош, кегийрхошна садаIа меттигаш. Иза дерриге а до Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан куьйгаллица.

Оцу хьоло гойту, мехкан Iедалехь берш  кегийрхой вайн къоман кхане хиларх кхеташ хилар. Тахана тIекхуьучу чкъурана бечу аьттонашка хьаьжжина хир ду муьлххачу а къоман кханалера де.

И.ИСЛАМОВ

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: