Соьлжа-ГIала селхана а, тахана а

Соьлжа-ГIала селхана а, тахана а

Башхачу хиламца билгалдели хIара шо Нохчийчоьнан коьртачу шахьарна – Соьлжа-ГIалина. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 70 шо кхачарна лерина долу даздарш тIекхочучу деношкахь цунна Россин Президентан Указца БIаьхаллин сийлаллин гIалин цIе тиллира. Цунна хьакъ йолуш тиллина цIе яра иза. Махкана хала киртиг тIехIоьттича, цхьаъ санна гIевттира гIалахой тIеман оцу буьрсачу шерашкахь тIебогIуш болу фашистийн бохам юхатоха, шайн синош ца кхоош къийсам латтийра цаьрца тIеман а, къинхьегаман а фронташкахь. Толам а баьккхира: йовсарийн ардангаш тIе ца кхачийтира вайн мехкадаьттана, кхачойира гIуллакхдаран промышленносто сецарш доцуш болх барна, фронтана ца хеддаш тайп-тайпана ягорг латторна.

Сан кхетамехь кхин цхьа агIо а билгалйоккху гIалин, делахь-хIета, ерриге а республикин  бIаьхаллин хьуьнарийн иштта лакхара мах хадоро. Цо сацам боллуш орам хадийра тIамехь ямарт хилла бохуш дийнна халкъана тIехь кхоьллина хиллачу тайп-тайпанчу элидитийн, буьззинчу барамехь меттахIоттийра дайа гIоьртина сий, гайтира нохчийн халкъо Сийлахьчу Толамна юкъа шен хьакъ доллу дакъа диллина хилар.

БIаьхаллин сийлаллин гIаланийн  цIерш лелочу гIаланашна юкъахь шен меттиг дIалаьцна тахана Соьлжа-ГIалано. Иза кхин цкъа а тIечIагIдира хIокху деношкахь Воронежехь дIаяьхьначу бIаьхаллин сийлаллин гIаланийн Союзан 5-чу съездехь кху шарахь иштта цIерш техкинчу кхечу гIаланашца цхьаьна Соьлжа-ГIала оцу гуламан бакъйолу декъашхо хилла дIахIоттаро а.                29 ю уьш тахана оцу Союзехь.

Историн тоьшаллаша гойтуш ма-хиллара, атта ца хилла гIалин таханлерчу дийне болу некъ. КIезиг ца хилла эшамаша дегнаш Iовжийна меттигаш, толамаша дог ловзадоккхуш даьхкина денош, шераш. Цхьана а бохамна хьалха корта охьа ца таIийна, къар ца елла, тешам боллуш хьежна шен кханене. Оцу дерригено кхачийна таханлерчу сий-лараме. И дерриге а карладоккхуш юхалиста лаьа историн цхьайолу агIонаш. Муха хилла цуьнан кхоллаялар, кхиар?  Муьлхачу хиламашца билгалдаьлла цуьнан дахар? Цунах лаьцна ду кху лахара доцца дийцар.

 

Некъан юьхь

c2RlbGFub3VuYXMucnUvdXBsb2Fkcy82LzYvNjY5MTM2OTEzMzEwMS5qcGVnP19faWQ9MzM0Njk=

ГIала кхоллаяларан исторехь билггал хууш дерг цхьаъ ду – «Грозная» аьлла цIе тиллина йолу гIап йилла йолийна 1818-чу шеран 22-чу июнехь. Амма иза йиллинчу меттигах дерг  Соьлжин аьрру агIор бердайистехь йиллина хилар а къовсаме дуьллуш дац. Бакъду, гIап муьлхачу, хьенан латтанаш тIехь йиллина бохучунна тIехь тайп-тайпана хетарш долуш бу историкаш. Ша аьлча, Википеди тIехь билгалдоккху нохчийн Кули-Юрт, Шира Соьлжа, Iалхан-чу, Жима Чечана, Соьлжа-Юрт  хIаллакйинчу латтанаш тIехь ян йолийна хилар (цо чIагIдарехь, таханлера гIала инарлин Ермоловн эскарша хIаллакйина нохчийн  20 юрт хиллачу латтанаш тIехь лаьтташ ю). Галморзахаллаш ю гIап йина яларан хенаш тIехь. Оццу Википеди тIехь чIагIдеш ма-хиллара,  оьрсийн пхи эзар салтичо 4 баттахь чекхдаьккхина иза яр. Ялх са болуш хилла гIап, хIора сона тIехь цхьацца йоккха топ а лаьтташ, гобаьккхина 20 метр шуьйра саьнгар а йолуш, нохчашна шерачу аренашка бовла ондда дуьхьало ярхьама.

Тайп-тайпанчу хиламашца билгалдевлла цул тIаьхьа даьхкина шераш. Иштта, 1840-чу шарахь гIопехь тIеман гIуллакх деш вара оьрсийн гIараваьлла поэт Тенгински гIашлойн полкан поручик Лермонтов Михаил. 1850-чу шеран октябрехь цигахь хилира паччахьан тIаьхьенах волу Александр Николаевич. Цул тIаьхьарчу кхаа-деа шарахь масийттазза гIопехь хилира Кавказехь бIаьхаллин гIуллакх деш хилла волу къона яздархо Толстой Лев Николаевич.

1859-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш кхоччуш дIаберзийначул тIаьхьа Кавказан вераса Барятинскийс тIедиллира 1860-чу шарахь дуьйна гIопехь бIаьста а, гурахь а ярмаркаш дIаяхьар. Шен маьIна долуш бара и хилам. Оцу ханна цунна гуонаха бIаьхаллин гIуллакхах паргIатбевллачу салтийн санна, Соьлжин аьтту агIорхьа лаьмнашкара хаддаза охьаоьхуш хиллачу нохчийн а дуккха а ярташ кхоллаеллера. ТIеттIа лахлуш лаьттара гIопан гIарол даран маьIна. Цунна тIе а доьгIна, 1870-чу шарахь гIопана Терски областана чуйогIуш йолчу окружной гIалин цIе тиллира. ХIетахь гIуллакх дан юьйлало хьалхара заводаш, фабрикаш: дама даккхаран предприяти, кибарчигаш еш йолу кегий заводаш, саба, нехча еш йолу меттигаш. Оцу шерашкахь кхоллало хьалхара урамаш, еттинчу кибарчигах йина гIишлош, базарш, ярмаркаш, духку гIунаш чуьра схьаоьцуш долу мехкадаьтта.

 

Кхиаран хьалхара гIулчаш

БерхIитталгIачу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь гIали йистехь мехкадаьтта даккха доладо. ХIеттахь хьалха хIоьттира кхуза кхаччалц аьчганекъ биллар а. Бесланера богIуш болу иза схьабиллира 1893-чу шеран 1-чу майхь, ткъа мехкадаьтта доккхучу хьалхарчу скважинна буру туьйхира оццу шеран 6-чу октябрехь Бакурчу нефтепромышленникан Ахвердовн фирмо. Кавказехь Соьлжа-ГIала уггаре а яккхийчу промышленни центрех цхьаъ хилла дIахIуттург хиларан хьалхара билгало яра иза.

Цул тIаьхьа даьхкинчу шераша чIагI а дира гIала ХIХ-чу бIешеран чаккхенехь дуьйна Нохчийн округан административни центр хилла ца Iаш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь мехкадаьтта даккхаран а, цунах гIуллакх даран а коьрта центр хилар. Iаламат лакхара дара цуьнан кхиаран боларш. Иза ларамаза а дацара: промышленни революци хилар бахьанехь Европина а, Россина а баккхийчу барамашкахь оьшура ягорг. Аьчганекъо зIе тесира Iаьржачу а, Каспийски а  хIордаш тIехь йолчу порташца, Бакуца, Москваца.

ГIалахь предприятеш яхка йолийра оьрсийн а, дозанал арахьарчу а фирмаша. Историка Баталиев Iумара билгалдоккхуш ма-хиллара, ХIХ-гIа бIешо чекхдолуш Соьлжа-ГIалахь болх беш яра мехкадаьттанах гIуллакх даран йиъ предприяти. Мехкадаьтта долу меттиг лахар а, пайдаэцарна  иза кечъяр а дIахьора I3 фирмо, шайна юкъахь тIаьхьо Нобелевски совгIат диллина болу вежарий НобелгIар а болуш. Промыслех 80 процент дозанал арахьарчу мехкийн компанийн долахь яра. Цундела иза хаадалаза ца дуьсура гIалин кхиарна тIехь. Цунна тоьшалла дара хинпровод 1910-чу шарахь а, электричество 1912-чу шарахь а бен йиллина цахилар.

Дуьненан хьалхара тIом болабеллехь а соцуш дацара промыслийн барам алсамбалар. Цо алсамбоккхура дозанал арахьарчу а. оьрсийн а фирмашна тIебогIуш болу пайданаш. Аьлларг чIагIдо дуьххьалдIа хIокху цхьана терахьо а: 1917-чу шарахь гIалин промыслашкахь  цхьа миллион 770 эзар тонна мехкадаьтта даьккхира, я ерриге а Россехь даьккхинчух 22 процент. Хьесапе оьцуш дацара мехкадаьтта долчу меттигех акхараллица пайдаоьцуш хилар, коьртаниг сихха тIебогIу пайда бара.

Иза бIаьрла гайтира цул тIаьхьа даьхкинчу шераша. Граждански тIеман муьрехь гIалахь 100 дийнан тIемаш дIахьочу хенахь хIаллакйира ерриге а скважинаш. Амма гIалахойн уьш кхиамца меттахIитто ницкъ кхечира. Хьакъ ма-дду   билгалдаьккхира церан хьуьнар –  гIалина 1924-чу шарахь ЦIечу байракхан орденца совгIат дира.

ТкъолгIачу шерашкахь гIала кхиоран планаца нийса а догIуш, мехкадаьтта долу меттигаш караерзорца йоьзна йолу коьрта районаш кхоллало – Старопромысловски а, Новопромысловски а (Октябрьски) районаш. Мехкадаьттанах гIуллакх дар тешадо Сталински (Заводской) районах. ТIаьхьо оцу белхан коьрта центр хуьлий дIа а хIутту иза. ТкъеитталгIачу шерашкахь гIалара 80 процент мехкадаьтта (керосин), ягорган-хьакхаран материалаш, даьттанаш, кхийолу продукци махкана дIакхачадора аьлча а тоьар ду аьлла хета. 1931-чу шарахь гIалин мехкадаьттанан промышленностана («Грознефть» а, цуьнан дакъош а) хьалхарчу пхеашеран план 2,5 шарахь кхочушъярна Ленинан орденца совгIат дира.

 

Зерийн а, толамийн а шераш

grozny_eu_1_2

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь мостагIчун эскарш мехкадаьтта долчу районашна тIе ца кхачийта Iаламат йоккха дуьхьало хилла дIахIоьттира Соьлжа-ГIала. Юха а бакъйолчу гIопах таръелира иза: дийнахь а, буса а хаддаза болх беш яра тIеман продукци арахоьцуш йолу цуьнан заводаш, садаIар хIун ду ца хаьара мостагI тIегIерта тарлучохь саьнгарш йохуш, кхийолу дуьхьалонаш еш къахьоьгуш болчу гIалахошна.

Лаьттахь шен гIуллакх ца хилча, мостагIчо луьра тIом болийра стиглахь. Iалашо цхьаъ яра – хIуъу дина а мехкадаьттан промышленностана ма-хуьллу доккха зен дар. Бакъду, фашисташа юьхьарлаьцна Iалашло кхочуш ца хилира. Инзарвоккхуш долу хьуьнарш гайтира вайн зенитчикаша, летчикаша, цIерш йойуш хиллачара. Фронтана оьшуш йолу ягорг, кхийолу продукци латтош заводаша цхьанаэшшара болх барна кхачойира.

МостагIчун яьIна кагъеш вайн толамца чекхбелира тIом. МеттахIотто болийра халкъан бахам. Оцу боламехь хьалхарчу могIаршкахь бара соьлжагIалахой. Цара хIора шарахь  тIеттIа    алсамбоккхура доккхуш долчу мехкадаьттан , арахоьцуш йолчу промышленни продукцин барам. 1973-чу шарахь, масала, «Грознефть» цхьаьнакхетаралло 18 миллион тонна мехкадаьтта даьккхира. ГIаларчу дукхах йолчу предприятешкара продукци дуьненан 30 сов махка дIайохьуьйтура.

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха промышленни, культурни, Iилманан туш хилла дIахIоьттира Соьлжа-ГIала. Шен индустриальни нуьцкъаллица шолгIачу меттехь яра иза. Кхузахь гIуллакх деш яра яккхий а, юккъера а промышленни 159 предприяти. Ерриге а  Ставропольски крайхь арахоьцуш хиллачул шозза алсам продукци арахоьцура. Ерриге а  республикехь кечъеш йолчух 54 процент продукци гIалин промышленностана кхочура.

Экономикин коьрта дакъа хилла дIахIоьттира мехкадаьтта даккхар, цунах гIуллакх дар, нефтехими. Мехала маьIна леладора мехкадаьтта доккхуш болу гIирсаш арахоьцуш а, уьш тобеш а йолчу предприятеша, ткъа иштта транспортан машинашъяран, гIирсаш баран, аьчгах гIуллакх даран предприятеша, леррина йолчу конструкторски бюрон зераш даран  заводаша.

Лаккхара корматалла  йолу  говзанчаш кечбеш яра гIалара кхоъ лаккхарчу дешаран а, исс юккъерчу дешаран а заведени. Iилманан-талламан цхьайтта институтехь толлура мехкадаьттан дикаллаш, цунах гIуллакх даран процессаш, гIишлошъярехь, экономикехь къастийна цхьалхадаха дезаш долу гIуллакхаш, Iамайора мехкан истори, этнографи. Шайн билггал дакъа юкъадуьллура гIалахь гIуллакх деш хиллачу культурин исс цIийнан коллективаша.

Вайна массарна а дика дагадогIу дIадаханчу бIешеран 90-гIа шераш, цара беана хилла Iаламат боккха бохам. Дерриге а халкъо шайна неIалт кхайкхийначу хIуьмалгаша вайна чубеанчу шина тIамо хIаллакйина, лаьттаца дIашарйира гIала. ГIалахойх дукхах берш дог диллина бара цунах хена-заманчохь гIала хир ю бохучух. Ирча сурт дара гуш дерг. Ур-аттал олхазарша а шайна  бегIийла меттиг лехначух тера дара. ТIепаза дайнера уьш. Цхьанхьа ханна кхечу меттехь дIатарвелла хьажа-хIотта веанчо а, и сурт шена гича, юханехьа боьду некъ сихха юьхьарлоцура.

Республикин пачхье кхечу метте дIаяхьар юкъа а делира. Юьйцург ши гIала яра – Гуьмсе а, Аргун а. Амма и  хабарш доцца хадийра хIетахь республикин администрацина коьртехь хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Шен администрацин  аппарат а ялош веана гIалахь дIатарвелира иза, шех масал эцар министерствийн, ведомствийн, организацийн, учрежденийн куьйгалхошна сацам боллуш тIе а дожош. ГIалахь шен болх дIабаьхьира референдумана кечамбаран штабо. ДIаяьхьира халкъо шен сацам боллуш долу дош аьлла йолу референдум. Хаьржира Нохчийн Республикин хьалхара Президент. Халкъо цхьабарт болуш тешийра и дарж Кадыров Ахьмад-Хьаьжех. Жим-жима денъяла йолаелира гIала.

Соьлжа-ГIала меттахIотторан боларш къаьсттина жигарадевлира Кадыров Рамзан регионан Президентан дарже хIоттарца. Бакъонца гIишлошъяран цхьа майда хилла дIахIоьттира иза. БIаьргашна гуш лаьтташехь хийцалуш дара цуьнан сибат. Шайн ойла хийца йолийра иттаннаш шерашкахь а гIала меттахIотталур яц баьхначара. Ши шо хан тоьира республикин Куьйгалхочунна гIала коьртачу декъана меттахIоттон. Оцу балха тIехь дакъалоцуш хиллачарах хIораммо а ша-шен ца кхоош къахьегаран, федеральни центро доккха гIолацаран, Кадыров Рамзана кIадвалар хIун ду ца хууш динчу башхачу гIуллакхийн тIаьхье яра иза.

 

ГIалин тахане

2 v text

Оцу шерашкахь евзар йоцуш хазъелла дIахIоьттира гIала. Боккха тидам тIебохуьйтура  цуьнан инфраструктура меттахIотторна, дахаран бегIийла хьелаш кхолларна, бахархошна хIусамашца кхачоярна, социальни объекташ ярна. Зазадаьккхина гIалахь алссамчу барамехь кхоьллинчу паркаша, сквераша. ХIинцца дукха хан йоццуш яьсса лаьттинчу меттехь дIахIиттина дуккха а гIаьтнаш долу цIенош, кхоллаелла керла дийнна микрорайонаш. И дерриге а тахана Соьлжа-ГIалахь вехаш волчу 283,5 эзар  вахархочун дуьхьа дина, деш а ду.

ГIалахойн дозалла хилла дIахIоьттина аьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу «Нохчийчоьнан дог»  маьждиг, дуьненаюкъара «Грозный» аэропорт, мемориальни «Сийлаллин аллей» комплекс, гIалин юкъ бакъонца хазйина йолу «Грозный-Сити», Нохчийн Республикин къоман музей,  паркан комплекс, республикин къоман коьрта библиотека, кхийолу объекташ.

ГIалин экономика кхиорна юкъа шайн дакъа дуьллу промышленностан а, энергетикин а, машинашъяран а, аьчгах гIуллакх даран а предприятеша. Царна юкъахь ю республикехь уггаре а ширачу промышленни предприятех цхьаъ йолу «Трансмаш» завод, цхьана хенахь шен продукци махкахь хьовха,  дозанал арахьа а гIараяьлла евзаш хилла «Оргтехника», электроремонтни завод, «Спецавтоматика», «Электропульт-Грозный», «Промавтоматика», кхиерш.  Дукхах йолчу предприятешкахь тахана къахьоьгуш ду керла чкъор.  Иза Iема баккхийчарах, дIакхоьхьу церан ламасташ, кхийда цхьана хенахь хиллачу дозанашка. Цо гойту предприятийн хьалха хилла сий меттахIотто хьуьнаре йолу тIаьхье кхуьуш хилар.

Иштта билгалдаккха догIу Соьлжа-ГIалахь гIуллакх деш юьртабахаман предприятеш, организацеш, бахамаш хилар а. Царалахь цхьана хенахь республикехь дика бевзаш бара «Родина», «Юбилейный» бахамаш, «Молпром», гарзанийн фабрика. Тахана а баркаллин дош олу гIаларчу бепиг доттучу кхаа заводан коллективашна, цара кечдеш долу сурсаташ лаккхара дикалла йолуш хиларна.

Лерринчу тергонехь латтош ду гIалахь къона тIаьхье кхетош-кхиоран гIуллакхаш. Оцу Iалашонна тIехьажийна шайн болх кхузарчу юьхьанцарчу а, юккъерчу юкъарадешаран а 60 сов йолчу школийн а, итт эзар меттигна гергга лерина йолчу школе даха хан кхачаза долчу берийн 70 учрежденин а коллективаша. Пхи эзар сов волчу хьехархочух 1519 хьехархочун лаккхара корматаллин категори ю. Пачхьалкхан юкъарадешаран учрежденешкахь виъ эзар сов волчу дешархочунна маьхаза кхача хуьлуьйту.

Бахархойн хьашташ кхочушдарна лерина ю гIалара медицинин 52 учреждени, шайна юкъахь 17 поликлиника а, 7 больница а. 3 роддом а, 7 диспансер а, дарбалелоран кхийолу учрежденеш а йолуш. Дийнна схьаэцча 82 процентана кхачойина гIалахь лоьрашца. Итт эзар стеган хьашташ кхочушдарна – 69 процент (ткъа республикехь и терахь 25  проценте  бен ца кхочу). Дийнахь а, буса а дарба лелорна стационарехь 5 эзар сов маьнга бу.

Кхиамца гIуллакх деш ю гIалахь культурин учрежденеш а. Уьш ерриге а 40 сов ю: театраш, библиотекаш, кхоллараллин коллективаш, музыкин школа, музейш, филармони, шен цигахь доьшуш 460 сов студент а волуш, колледж, дешаран-методикин туш, кхитIе а долчу дешаран школаш, культурин дворецаш. Библиотекашкарчу книгийн юкъара фонд 227,5 экземпляран барамехь ю.

Боккха тидам тIебохуьйту гIалахь спортехь дакъалоцуш болчеран барам хаддаза кхиорна. Спортъезархойн хьашташна лерина ю стадионаш, спортан залаш, нека даран бассейнаш, берийн-кхиазхойн школаш, шайна чохь  диъ эзар бер а, кхиазхо а волуш. Ткъа дийнна схьаэцча физически культурин а, спортан а секцешкахь хаддаза дакъалоцуш 44,6 эзар бер а, кхиазхо а ву…

Дийнна схьаэцча  ондачу боларшца кхуьуш ю тахана гIала. Иза къеггина гуш ду цуьнан муьлххачу  маьIIе ваьлча а. Иза чIагIдо  маьрша дахар дIахIотторна, цхьанаэшшара кхуьуш хиларна Соьлжа-ГIалина динчу тайп-тайпанчу совгIаташа а. «СНГ-н тоьлла гIала», «Россин тоьлашха йолу муниципальни цхьаьнакхетаралла»,  «Къийсамаш хиллачул тIаьхьа меттахIоттар» аьлла ООН-н сийлахь диплом – иштта мах хадийна цуьнан башхачу гIуллакхийн вайн махкахь а, дуьненахь а.  ТIейогIучу хенахь гIалин сий-ларам керлачу тIегIане бериг хиларна закъалт ду иза.

 

Л.МАГОМАЕВ

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: