Цхьа-ши дош…

Филиппинерчу цхьамогIа меттигашкахь лелхийтарш дина экстремисташа. Оцу бохамашкахь виъ стаг велла, ткъе кхаа стагана чевнаш хилла.

                                                 ***

США-рчу Орегон штатехь йолчу колледжехь герз диттина 15 стаг вийна, 20 сов стагана чевнаш йина. И зулам дарна бехке лоруш верг схьалаьцна полицин белхахоша.

                                                 ***

Талибаша дIалаьцна йолу Кундуз гIала царах цIанъяран операцеш дIахьош ду ОвгIанан Iедалан эскарш. Цигахь лаххара а 150 талиб хIаллаквина. Маьршачу нахана юккъера а велла 200  сов стаг.

                                                 ***

Чинерчу гIаланашкахь юха лелхарш хилла. И бахьанехь 7 стаг кхелхина, чевнаш хилларш а бу. Юкъ-кара дохийна дукха гIаьтнаш долу цхьа цIа.

                                                 ***

Африкерчу а, Герггарчу Малхбалерчу а пачхьалкхашкахь долчу хьолах бевдда баьхкинчара сийсош ю Европа. Дукхах берш Хонкарехула схьаоьхуш бу. Таханлерчу дийнахь оцу махкахь ши миллион гергга мигрант ву.

                                                 ***

Израилан Премьер-министра Б.Нетаньяхус дIахьедина шаьш палестинхошца дийцарш дан тахана а кийча ду аьлла.

                                                 ***

Россин авиатохарша «иблисан пачхьалкхан» Шемара тIеман гIирсаш, герзаш чохь долу складаш а, Идлибера командни пункт а, бронетехника а йохийна.

                                                 ***

ФРГ-н Канцлера А.Меркела, Францин Президента Ф.Олланда, Украинин Президента П.Порошенкос телефонехула дийцаре дира Францехь цхьаьнакхетча дийца леринарг.

                                                 ***

Россин Президента В.Путина Москвахь дIаяьхьира адамийн бакъонаш ларъяран Советан кхеташо. Цигахь дийцаре дира вайн махкахь а, дуьненахь а адамийн бакъонаш ларъярехь долу хьал.

                                                 ***

Нью-Йоркехь цхьаьнакхийтира Россин а, Шемин а кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министраш. Цара дийцира ИГИЛ-на дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьарехь дан дезачу гIуллакхех лаьцна.

                                                 ***

«Союз-У» ракета киралелочу «Прогресс–М-29 М» космически кораблаца цхьаьна космосе яхийтина стомара Байканурера.

 

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: