Соьлжа-ГIалин денца доьзна
Лараме махкахой!
Декъалдо шу Соьлжа-ГIалин 197 шо кхачарца. Пачхье йиллина де – вайна массарна а башха деза де ду! Баккъал а вайн халкъана уггаре а дукхадезачу денойх цхьаъ ду иза.
Соьлжа-ГIалин кхолламаш шен оьмарехь тайп-тайпана нисбелла. Цкъа кхуьуш, зазадоккхуш, юха йохийна дIайоккхуш. Цуьнга хьаьжна доцуш, вайн республикин пачхье хIинца вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан уггаре а хазачу, исбаьхьачу, къегинчу гIаланех цхьаъ хилла дIахIоьттина. Иза иштта хилла дIахIоьттина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун хьуьнар, хьекъал, хьикмат бахьана долуш. Цо а, цуьнан кIанта Кадыров Рамзана а дIаяьхьначу хьекъалечу, хьикматечу политико таро елира Соьлжа-ГIала саьлнашкара гIатто, тахана вайна гуш ерриг йина дIахIотто. Таханлера Соьлжа-ГIала иза тIамна тIехь, чIана довларна тIехь толам баккхар ду, иза цуьнан бахархойн зовкх а, аьтто а бу.
Доккхачу маьIне ду Соьлжа-ГIалин 197 шо кхочучу шарахь вайн къоман баьччас, Россин Президента Путин Владимира шен Указца гIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» еза цIе тиллар. Вайн халкъан а, вайн берриге а Даймехкан а дахарехь исторически хилам хилла дIахIоьттина и сацам. Вай и цIе яккхарна тIеихна иттаннаш шерашкахь бохамашкахула, Iазапашкахула бала-гIайгIанехула чекхдуьйлуш.
«БIаьхаллин сийлаллин гIала» еза, сийлахь цIе ю. Шен мах хадалур боцуш деза совгIат ду иза Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна, тылан къинхьегамхошна, вайна, фашистийн Германех вайн Даймехкан маршо, бозуш цахилар лардеш шайн дахар ца кхоош, майра а, доьналлица а тIемаш биначеран тIаьхьенашна.
Тахана Соьлжа-ГIала хаза, кхуьуш шахьар ю. ХIора шарахь кхуза богIу Россин тайп-тайпанчу регионашкара а, дозанал арахьара а иттаннаш эзарнаш хьеший, туристаш. Вайн шахьарх цецбуьйлу уьш. Со тешна ву вайн Соьлжа-ГIала вайга кхин а хаза, исбаьхьа, кху заманца йогIуш ялург хиларх.
Суна даггара лаьа соьлжагIалахошна, Нохчийн Республикин бахархошна, хьешашна дика мел дерг хуьлийла, могашалла, ирс, аьтто хуьлийла.
Нохчийн Республикин
Кегийрхойн денца доьзна
Хьоме кегий нах, мехкарий! Ас даггара декъалдо шу Кегийрхойн денца – дегайовхонийн а, керланиг довзаран а дезачу денца.
Вайн мехкан дахарехь мехала маьIна лелош бу кегийрхой! Шу вайн хиндерг ду, шуна хьалхалаьтташ ду Даймехкан зовкхах а, цо зазадаккхарх а долу жоьпалла шайна тIеэцар!
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, кегийрхошка хьоьжура уьш вайн Даймехкан хиндерг хиларе терра. Цундела 2000-чу шарахь цо хьалха куьг яздинчарна юкъахь дара кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу Комитет йилларан хьокъехь долу указ. Цо олура: нагахь санна вайна нохчийн махка машар а, синтем а юхаберзо лаахь, кегийрхошна хьакъ долчу дахарна а, къинхьегамна а, дешарна а, кхиарна а оьшу дерриге а хьелаш кхолла деза.
Нохчийн Республикехь башха кегийрхой бу, царех дозалла дан йиш ю ерриге а Россин. Цундела вай дика хьелаш кхуллу Соьлжа-ГIала бакъонца Россин къилбехь кегийрхойн кхузаманахьлера туш хилийтарна. Вайн тахана ю кегийрхойн дуьненан тIегIанера даккхий гIуллакхаш дIадахьа йиш йолу яккхий майданаш. Республикехь болх беш ю иттаннаш кегийрхойн организацеш а, патриотически клубаш а. Цул сов, юкъараллин-политически дахарехь жигара дакъалоцуш ю республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство а, кегийрхойн парламент а. Кегийрхошна хьелаш кхоьллина муьлххачу а декъехь: Iилманехь, искусствехь, экономикехь, спортехь, дешарехь кхиарна.
Боккха тидам тIебохуьйту тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорна а. Республикехь схьайиллина хьафизийн школаш, дIахьо дуьненаюкъара динан форумаш, патриотически гIуллакхаш. Цул сов, кхочушъеш ю кегийрхой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиоран Цхьааллин концепци. Оцу дерригено а дика тIаьхьенаш ло. Эзарнаш кегийрхой тахана тайп-тайпанчу дакъошкахь баккхий кхиамаш бахаре кхаьчна.
Вайн декхар ду тIейогIучу хенахь а хIора жимачу стеган шен кхоллараллин а, Iилманан а, корматаллин а хьуьнар гайта таро хилийтарна хьелаш кхоллар.
Хьоме доттагIий, кегийрхойн а, къоман а ницкъ вайн орамашкахь, вайн дайшкара вайга кхаьчначу гIиллакхашкахь бу. Уьш Iалашделаш, шайн дайн хьакъ йоллу т1аьхье хилалаш.
Суна лаьа шун массеран а дика дог-ойла хуьлийла, аш дагалаьцнарг кхочушхуьлийла, шун аьтто а, кхиамаш а хуьлийла! Могашалла, токхо дахар хуьлда шун!
Хьехархочун
денца доьзна
Тхан хьомсара хьехархой!
Ас даггара декъалдо шу шайн корматаллин дезчу денца – хьехархойн дуьненаюкъарчу денца.
ХIора стеган дахарехь, иза адам а, шен мехкан гражданин а хилла дIахIоттарехь мехала маьIна лелийна хьехархочо. Цундела ю хьехархочун говзалла уггаре а чIогIа оьшучех, сий-ларам болчех цхьаъ. Иза жоьпаллин а, хала а болх бу. Шун корматаллех а, къинхьегам безарх а доьзна ду вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан хиндерг.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «ХIора стеган кхиам хирг хиларан закъалт ду дика дешар». Цо Iаламат дукха гIуллакхаш дира Нохчийчохь дешаран система когахIотторехь. Цо юьхьарлаьцначу некъа тIера дIаса ца таIар бахьанехь тахана вайн дерриге а хьелаш ду дешаран-кхетош-кхиоран гIуллакхаш тоха ма-деззара вовшахтоха, дIадахьа.
ДIабаьхьна боккха болх бахьанехь республикера дешаран система орамашкара дуьйна хийцаелла. Ян а йина, то а йина дешаран бIеннаш учрежденеш. Царна чохь дIахIиттийна кхузаманан тоьлла гIирсаш, кхачойина дикачу хьехархошца. ХIара шо чекхдалале кхин а иттаннаш керла школаш схаьелла дагахь ду тхо.
Шун къинхьегаман боккха сий-ларам бо оха. Шу берашна деккъа хаарш делла Iаш дац. Аш шайн дешархой кхетош-кхиабо, царна Iамадо гIиллакхе, оьзда, дика, хьанал хила. Нагахь санна хIора хьехархочо шена хьалха иштта яккхий Iалашонаш хIиттош хилахь, республикин хиндолчунна сагатдан дезар дац вайн.
Хьомсара хьехархой, ас даггара баркалла боху шуна хала а, жоьпалле а болх барна, шун корматаллина, шуьгахь долчу собарна, шун комаьршаллина, шаьш хаьржинчу гIуллакхана тешаме хиларна.
Могашалла, ирс хуьлда шун, дешархоша сий-ларам бойла шун, гергарчарна дезар, уьш шух кхетар, цара шун гIолацар лойла шуна!
№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо