Путин Владимиран сацам къобалбина Кадыров Рамзана

Соьлжа-ГIалахь журналисташца хиллачу  къамелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахаийтира Шемахь «иблисан пачхьалкхана» дуьхьал операцеш дIаяхьарехь Россин тIеман-хIаваан ницкъех пайдаоьцуш хилар ша къобалдеш хилар. Цунна хетарехь ИГИЛ-на дуьхьал дIахьочу  къийсамехь вайн  эскарх а  пайдаэца  мегар дара.

1256398

Цо дийцарехь, цигахь тIеман ницкъах  пайдаоьцуш йолчу Россис шен пачхьалкх ларйина  ца Iаш, дерриге а дуьне а  лардо «иблисан  пачхьалкхан» зуламех, Росси хIинца  дуьненаюкъарчу  терроризмана дуьхьал къийсам  дIахьош ю. Вайна массарна а гуш ду цигахь террористаша маьрша нах бойъуш хилар, цара вайн пачхьалкхана кхерамаш туьйсуш хилар. ТIаккха вай  стенна хьоьжу уьш вайн  керта  бахкаре, уьш шайн бенчохь хIаллакбан таро хилча? Россис цу  хьокъехь  бина  сацам буьззина,  цхьаьнабогIуш бу  дуьненаюкъарчу бакъонашца», – бохура  Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо ма-аллара, Россина, дийцарехь а доцуш, ма-дарра хаьа дуьненаюкъарчу терроризмо бохьуш  берг хIун бала бу. «Россин цкъа  гIуллакх деана оцу зуламхошца. Делахь а, ницкъ кхаьчна царах мохк цIанбан, махкахь къепе  ян.  ХIинца, дуьненан юкъараллина, цу  юкъахь  Россина а, терроризман  кхерам тIекхозабелча цхьа стаг оьшура шен Даймохк безаш волу, иштта сацам  тIеэцарца, пачхьалкхана кхерам  ца хилийтарна  кхачоян кийча  волу. Ткъа иштта стаг вайн  волуш ву. Иза вайн къоман баьчча Путин Владимир Владимирович ву. Цундела оха цуьнан сацам къобал а бо, цуьнан муьлхха а омра кхочушдан тхо кийча а ду», – элира вайн регионан Куьйгалхочо.

Юха тIетуьйхира: «США а, малхбузера кхийолу пачхьалкхаш санна,  кхечу йозуш йоцчу  пачхьалкхийн чоьхьарчу  политикина юкъа а ца  гIерташ, Россин Федерацис гIуллакхдо дуьненаюкъарчу бакъонашца нийса  догIуш а, оцу  пачхьалкхан куьйгаллех  дага а довлуш».

Цуьнца цхьаьна республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира, оьшуш хьал  хилахь,  Шемарчу ИГИЛ-на дуьхьал лаьттахь дIахьош  йолчу  операцешкахь дакъалаца  Нохчийчуьра иттаннаш эзарнаш бIаьхой кийча хиларна. «Тхуна новкъа ду цигахь  вайн тIеман-хIаваан ницкъаш бен цахилар а, вайн  гIашсалтех пайдаоьцуш цахилар а. Халахеташ делахь а, нохчийн цкъачунна аьтто бац оцу шайтIанашна дуьхьал дIахьочу  къийсамехь дакъалаца. Со тешна ву цигахь тIеман-хIаваан  ницкъех пайдаэцна  ца  Iаш, гIашсалтех а пайдаэца безаш хиларх. «Иблисан пачхьалкхаца» дерг хьалхе чекх мел даьккхи а дика хир ду дуьненан юкъараллина, синтеме хир ду дахар а», –  бохура Кадыров Рамзана.

Цо чIагIдарехь, хьокъала доллу омра ма диннехь, муьлххачу  хенахь а сихха Шема новкъайовла кийча  ю Нохчийчуьра подразделенеш. «Цул сов, кхийолу леррина подразделенеш ца йийцича а, тхо  уггаре а  хьалха дIахIуьттур ду цига  боьлхучеран могIаршка. Тхо кийчча ду, хIинцца новкъадовла дезахь а. Шайн лаамехь цига баха лууш берш а бу тхан. Уьш иттаннаш  эзарнаш бу. Оха хIетахь, 1999-чу шеран чаккхенехь, Къуръана тIехь чIагIо йина тхайн дерриге а дахар оцу  шайтIанашца къийсам дIабахьарна дIадала, уьш миччахь  хиларх хIаллакдан», – элира цо.

Иштта, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ИГИЛ-н террористически организацеша лелош дерг Россина а кхерам туьйсуш хилар. «Баккъал а аьлча, кхерам бу. Уьш Шемахь  хилла Iаш ма бац. Тахана интернет хIораннан хIусамехь ю. Делахь-хIета, муьлхха а стаг церан идеологин Iаткъамна  кIел  ваха  тарло. Иштта ма Iехадо цара вайн  бераш а, вежарий а. Цул сов, ИГИЛ-рчу шайтIанаша  лечкъош а ма дац  вайн  халкъана  дуьхьал теракташ  ян дагахь хилар, Россера хьал карзахдаккхархьама. Бакъду, уьш кхуза бахкарна кхерам бац. Амма кхузахь цаьргахьа ойла лесташ адамаш хилар бакъду. Иза Кавказехь хилла Iаш дац, берриге а мехкашкахь а ду. Амма шеко йоцуш ду цхьаъ: Нохчийчоь а, Кавказ а ИГИЛ-на дуьхьал  гIоттур ю, – чIагIдира  Р.Кадыровс.

Къамел дерзош, тIетуьйхира: «Бусалба пачхьалкхийн куьйгалхошца а, Iеламнахаца а дукха къамелаш хилла сан. Цара дуккхазза дехарш дина оцу шайтIанашца дерг чекхдаккха деза алий дIаалахь бохуш. Цундела цара сатуьйсура В.Путина «иблисан пачхьалкхана» дуьхьал дIахьочу  къийсамехь  герзашца кечбинчу ницкъех  пайдаэцаран хьокъехь сацам тIеэцаре. Со тешна  ву Малхбузерчу пачхьалкхех бозуш болчу Iаьрбийн  цхьаболу мехкаш а тIехь тахана баккхийбеш бу вайн президента долийначух. Уьш тешна бу цо цигахь къепе йийриг хиларх».

Д.ХАМЗАТОВ

 

№111, шот, 3 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: