«Даттан гуьйре»

Иштта яра кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Къоман музейхь хиллачу цхьаьнакхетаран цIе. Баккхийчу нехан денна лерина дара и цхьаьнакхетар

Цигахь дакъалоцуш вара  Нохчийн Республикин яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эдуард, Нохчийн Республикин халкъан артист Исраилов Хожа-Бауди, суьрташдахкархо Сапаров Iела а, иштта оцу музейн Iаламан а, экологин а отделан заведующис Байсултанова Лаурас кхайкхина Соьлжа-ГIалара пенсионераш, церан берийн бераш.

Шен къамелехь Мамакаев Эдуарда дийцира шен а, шен ден, вевзаш волчу нохчийн яздархочун Мамакаев Iаьрбин а кхолламах лаьцна. Гулбеллачара лерина ладуьйгIира Мамакаев Эдуарда динчу къамеле. Баккхийчу нахана хазахетийта башха дукха хIума а ца оьшу, жимма шайн терго йича а самукъадолу церан, цундела оцу цхьаьнакхетаре шаьш кхайкхар а, вайн республикехь девзаш долчу адамашца къамел дар а цара доккха совгIат лорура.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархойн самукъадоккхуш яра царна юкъахь дIаяьхьна стихаш йоьшуш, суьрташ дохкуш конкурс.

Баьхкинчу баккхийчу нахана дуккха а керла адамаш девзира, гергарлонаш тасаделира кхузахь. Церан самукъадаларан доза дацара.

 

З.САГАЕВА

 

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: