Вайн кхиазхойн кхиамаш

ХIокху деношкахь Хасавюрт гIалахь (Дагестан) дIаяьхьира Советски Союзан турпалхочунна Нурадилов Ханпашина лерина йолу паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кхиазхойн Ерригроссин турнир.

Цигахь дакъалоцуш  Москвара, Санкт-Петербургера, Краснодарера, Ростовера, Воронежера, Анапера, ГIалгIайчуьра, Г1ебартойн-Балкхарера, Кхарачойн–Чергизийн, ГIалмакхойн, Къилбаседа ХIирин Республикашкара а, Нохчийчуьра, иштта кхечанхьара спортсменаш.

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Оцу турнирехь вайн махкахошна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Битерзаев Дени – Ислама (58 кг)–ДЮСШ. КхоалгIа меттиг яьккхира Юсупов Iабдул-Селима (54 кг)–ДЮСШ Грозненски район.

Цу кхиамашка уьш кхачийнарг ву церан тренер Макаев Асламбек.

 

З.ШИШХАНОВА

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: