Юсупова Амаша

Йина 1982-чу шарахь Шелан районерчу Сиржа-Эвлахь. Цигара юккъера школа чекхъяьккхина. Цул тIаьхьа Кхузаманан Гуманитарни Академи чекхъяьккхина. Нохчийн мотт дукхабезаш, цуьнца гергарло долуш ю иза. Ненан маттахь шен ойланаш байташкахь йовзуьйту цо.  

                       ***

Гергахь я геналлехь кхолламаш тоьгуш,

Ирхе ду, чолхе ду дахаран некъаш.

Уьш мел ду вайн нанойн мара вай кхачош,

Бала бац, гIайгIа яц вайн дегнех хьерчаш.

 

Аьхначу куьйгаша беркате йовхо луш,

Ерзайо дуьнено мел йина чевнаш.

Вайн наной мел беха къона ду дегнаш,

Дахаран некъ къарбан хIайте ду боларш…

***

Дависа, шийла дохк хилла

ДIо лаьмнийн баххьаш тIе йосса.

Геннара со хийла хьистина

Дог Iабош уьш маракъовла.

 

Дависа, мела мох хилла

Даймехкан арешкахь кхарста.

Беркате хIу лаьтта тесна

И лардеш гIаролехь латта.

 

Дависа, маьлхан нур хилла

Буоберан эшна дог хьаста.

БIаьргаш чохь гулъелла гIайгIа

Ден-ненан безамца яста.

 

Дависа, шовданах ийна

ВоI велла ненан дог эца.

Балано боттучу кийра

Цхьа кIеззиг  паргIато йотта.

 

Дависа, зайл-догIа хилла

Набахтийн неIарш дIаяста.

Бехк боцуш маршонах хаьддарш

Ницкъ белар Даймахках тоха.

 

Дависа, маслаIат хилла

Дов дечу майдана хIотта.

ОьгIазло эккхийна генна

Нохчичун маьрша дог даста.

 

Дависа, мерза дош хилла

Барт боцчу доьзале кхача.

Собарца сихалла хьаьшна

Безамца ирсе некъ гайта.

***

Сан дагна везначо соь безам кхийдабо,

Довхачу дешнашца со стигла йоху цо.

Шен дахар, ирс декъа  дIайола боху соь.

Соьх къастахь шен ирсан дайна ду боху доь.

 

Сан синна мел дезнарг дерриге цуьнгахь го,

Оьздачу амало безамна кхача ло.

Шийлачу дорцехь  а бIаьргаша йохйо со,

И воцург дуьнен чохь ирс дуй-те? Ойла йо.

 

Хан гена мел юьйлу марзонаш чIагIлуш ю,

ХIора де хьекъало сан дагца тIом беш ду.

Веза хьайн йиш йоцург ма веза боху цо,

Эрна ду къийсарх а, лур вац и доьзало.

 

Iинах чу йожале, ладогIа боху соьга,

Дуьхьал берд лаьтта некъ цхьангга а ца эшало.

Амма сан даго хьакъална дуьхьало йо,

Везарна некъ къагош, къар ца луш деттало.

 

З.ЛЕЧИЕВА

 №112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: