Бахархоша дика цIе йоккхуш ю Соьлжа-ГIаларчу №4 йолчу поликлиникин дарба лелоран дийнан стационар. Цигара хьал довзийтира тхуна стационаран кардиолога Гайтукаева Зураа. Медицинин Iилманийн кандидат ю иза. 1997-чу шарахь Астраханан пачхьалкхан медицинин Академи чекхъяьккхина цо. Астраханехь, Москвахь белхаш бина. 2005-чу шарахь медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира.
«Кхузахь масех отделени ю: кардиологи, неврологи, терапевтически, гинекологи. Вайн республикехь йолчу дийнан стационарашна юкъахь уггаре а йоккха ю хIара. Цомгашчу нахана лерина чоьнаш башха дукха яцахь а, дийнахь 50 стаг тIеэца а, царна дарба лелон а аьтто бу. Берриге а дархой, хенашка хьаьжжина, 4 тобане боькъу. Дийнан стационар яра аьлла, дархошна капельницаш, мехий лелийна ца Iа. Кхузахь УЗИ яккха аьтто бу, тоьллачех лаборатори ю. Вуьшта аьлча, дархочунна оьшуш долу дарба дан йиш ю. Цамгарна таллам бан а, дарба дан а кардиолог, невролог, терапевт, гинеколог, иштта, узи йоккху лор, участкови терапевт, лаборанташ, медйижарий бу. Белхахой дукха бацахь а, хIораммо а шайн декхарш дика кхочушдо. Тайп-тайпанчу цамгаршца тIебогIу тхуна дархой. Царна дарбанаш дан хьовсу тхо.
ТIейогIучу хенахь кхузахь реабилитацин отделени схьаелла дагахь ду тхо. Къаьсттина хIокху цамгарца алссам дархой тIебогIу тхуна аьлла цхьа цамгар билгалъяккха йиш яц тхан, хIунда аьлча, цкъацкъа дагна дарба дан богIурш алссам хуьлу, тIаккха таIам лакхара берш дукха хуьлу, цхьана муьрехь зорхин гастрит, зорхин даI дерш дукха а хуьлу», – дийцира цо.
Кардиолога Зураа цIерш ехира медйижаршна юкъахь дика болх барца къаьсташ болчеран. Уьш бу Душкина Лиди а, Магаева Роза а.
Душкина Лидис медицинин хьаьрмахь болх бен 40 шо хан ю. Шена тIебиллина болх кхочушбинчул тIаьхьа а мукъа ца Iа иза. Дархошна хIун оьшу хьожуш чекхйолу иза. Стационарехь массарна а аьлча санна дукхаеза иза.
Ткъа Магаева Роза аьхна куьг хиларца къаьсташ ю. Цуьнан куьг тов дархошна. Шех тешийна муьлхха а гIуллакх дика чекхдоккху цо.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо