Шех дика дош ала хьакъ ю

Кегийрхойн денца доьзна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан тоьллачу студентех цхьаъ йолу Мутаева Хеда шуна йовзийта лаьа тхуна.

 IMG-20151005-WA0004

ТIехьа-МартантIехь йина а, кхиъна а ю иза. Хенал хьалха яхара иза цигарчу №7 йолчу школе деша. Шен нана хьехархо хиларе терра, школе йоьдучу хенахь элпаш девзаш а, мелла а еша хууш а яра жима Хеда. Школехь дика доьшура цо. Иштта, кхиамца школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, иза деша яхара лакхахь билгалъяьккхинчу институтан гуманитарни факультетан историн а, бакъенан а отделени.

Хьалхарчу дийнахь дуьйна шен нийсархошца бийца мотт карийра цунна. Цунах дика студент а, шайна накъост а хир юйла хиира институтан куьйгаллина. Цунна хир дара, дукха хан ялале, студенташа шаьш шайна урхалла дечу комитетан иза декъашхо харжар. Институтан куьйгаллин йоIах дика студент хиларх тешар эрна ца хилира. Цига деша яхчхьана ша дикачу агIор гайтина цо. Дуккха а кхиамаш баьхна. Цхьа а конкурс, конференци тIех ца йолу  Хедас дакъа ца лоцуш. Уггаре а цунна дагахь лаьтташ ерг ша дуьххьара дакъалаьцна йолу «Мы россияне» форум ю. Цигахь йоIана тIедиллина долу декхар аттачех дацара. Пятигорскера оцу форуме схьаеана йолу делегаци тIелаца дезаш яра иза. Хеда цу декхарца тIехдика лара а йира.

«Знатоки истории Чечни» конкурсехь Хеда юкъахь йолчу командас толам баьккхира. Цигахь  билгалделира, историн декъехь Хедин  кIорггера хаарш хилар. Пятигорскехь хIора шарахь дIахьош йолчу Iилманан-практикин конференцешкахь дакъалоцу цо. Цигахь совгIатан меттигаш а йоху. Нохчийн Республикин Парламента вовшахтоьхна хиллачу конкурсехь «Терроризм и экстремизм главная проблема современности» темина лерина доклад а йина, шолгIа меттиг яьккхира цо.

Институтан КВН-н команди юкъахь а ю иза. Факультеташна юкъахь дIахьочу ловзаршкахь массийтазза кубок яьккхина церан командо. Нохчийн даарш кечдарна а говза ю Хеда. ХIора шарахь институтехь хуьлучу «Нохчийн кхача» конкурсехь дакъалоцуш ю иза. Дикахета, волонтерийн корпусан иза декъашхо хилар а. Цо гойту иза адамех къахеташ, баккхийчу нахех дог лозуш  хилар. Карарчу хенахь 3-чу курсехь доьшуш ю иза. Институтехь дешна яьллачул тIаьхьа, шен нана санна хьехархо хила лууш ю Хеда. Тахана санна дика доьшуш а, дешарехь кхиамаш бохуш а  хилахь, цунах дика хьехархо хирг  хиларан цхьа а шеко ца юьсу.

З.ХАСИЕВА
   Авторан сурт

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: