Нохчийн къоман ламасташ лардархо

Вайн хазачу яртех цхьаъ йолчу Сиржа-Эвлахь дуьнен чу а ваьлла,  таханлерчу дийнахь а цигахь Iаш ву аьнгалех исбаьхьа гIуллакх деш волу Дуцаев Сайхан. Нохчийн Республикехь вевзина ца Iаш, дозанал арахьа а вевзаш ву говзанча. И атта йоцу корматалла цо караерзийна книгех а, интернетех а пайда а оьцуш.

IMG-20151002-WA0001

 Сиржа-Эвлара №2 йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Сайхан деша вахара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан исбаьхьаллин факультете. Цигахь деккъа суьрташ дахкар бен Iамош цахиларна, дешар юкъахдитира, хIунда аьлча искусствехь керланиг юкъадалор яра кIентан Iалашо.

«Сан деда дечиг-пондарш деш, пхьар хилла. Цунна хир ду аьлла хета искусствоца ас сайн дахар дозар. Муьлххачу а гIуллакхехь санна, юьхьанца хала дара, – боху Сайхана, – 6-чу классехь волчу хенахь дуьйна, деших гIуллакх деш вара, зударийн кулон, чIуг, кхиерш еш къа а хьийгира. Цул тIаьхьа дечигах а, эчигах а гIуллакх дира. Жимма хан яьлча, 2008-чу шарахь дуьйна аьнгалех композицеш ян волавелира. Юьхьанца сайн болх  беш самукъадолура. Мелла а сайн корматалла шоръян а, ницкъаш зен а дагадеана, оьшуш болу гIирсаш а гулбина, «Нохчийчоьнан дог» маьждиган сурт дира. ЧIогIа   хаза нисделира иза.  85  кийла  деза дара  ас дина маьждиг. Иза сан  белхашна юкъахь уггаре а боккха болх бара. Гайтамашка дIасахьочу хенахь хала дара, кеглора, цундела цул тIаьхьа  еш йолу х1уманаш кегий ян волавелира. Халонаш дуккха а хуьлу болх бечу хенахь, цундела доккха собар оьшуш гIуллакх ду хIара. Аьнгалех гIуллакх дан хала ду, и бахьана  долуш даьржина дац иза вайн махкахь».

Аьнгалех гIуллакх дан хала делахь а, цо новкъарло ца йо Сайханна ша юьхьарлаьцна долчу гIуллакхехь. Болх хала мел хуьлу а, дика а хеташ, самукъа а долуш къахьоьгу цо. ХIинца цуьнан белхашна юкъахь уггаре а боккха болх, кхаа баттахь дина, 45 кийла йолу «Нохчийчоьнан дог» маьждиг ду. Оцу балхана эшна бархI автобусан хьалхара куьзга, 2 литр аквариуман клей, иштта люстран а, шишанийн а тайп-тайпана беснаш долу аьнгалеш. Балхана къастийначу чохь оьшуш болу гIирсаш а, баьццара, цIе, мокха беснаш долуш аьнгалеш  ду. Уьш одеяла юкъа а дохкий, массо агIор дIа а къовлий, тIе жIов етташ дохадо цо.

Ша болх бечу хенахь цкъа а каранаш ца леладо С.Дуцаевс.

Нохчийн Республикехь дIабаьхьначу дуккха а гайтамашкахь дакъалаьцна Сайхана. Адамаша тамаш а беш тIеоьцу хIокхо аьнгалех еш йолу композицеш, хIунда аьлча иза керланиг ду вайн искусствехь. Гайтамашкахь мастер-классаш а йо. Шена хуург хьоьхуш Iамош ши дешархо ву Сайханан. «Лууш берш дуккха а бу, – боху Сайхана, – амма Iемар ву аьлла хеташ, ас къастийна ши дешархо ву ас Iамош».

IMG_7459

Юьртахоша шайн гIишлош кечъян а вуьгу Сайхан. Исбаьхьаллин агIор дан дезаш долу, цхьанна а ца хууш долу гIуллакх до цо. Дукха хан йоццуш Сиржа-Эвла чувуллучохь йолчу заправкехь ши метр лекха бIов йина цо.

Къоман музейхь а, А-Хь.Кадыровн цIарахчу аллейхь а дIабаьхьначу гайтамашкахь дакъалацарна совгIаташ дина С.Дуцаевна, иштта дуккха а дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а ю цуьнан.

 

Л.ИБРАГИМОВА
Авторан суьрташ

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: