Бераша йицйойту муьлхха а хало

Делах тешарна а, диканиг хиларх тешарна а кхиамаш баьхна  Мехкадаьттан-Юьртарчу №1 йолчу юккъерчу школин директоран дешаран а, кхетош-кхиоран а декъан куьйгалхо а, юьхьанцарчу классашна хьоьхуш а йолчу Букалиева (Абдаева) Маликас.

 IMG-20151003-WA0002

Школехь дика дешарца къаьсташ яра Букалиева Маликас доьшуш хилла йолу класс. Школехь вовшахтухучу гIуллакхашкахь жигара дакъалацархо а, дика вовшахтохархо а яра йоI. Классан куьйгалхо яра Быстрова Просковья Ивановна.  Цо жимачохь дуьйна къастийна яра Малика хьехархочун суй болуш ю, аьлла. Маликиначул чIогIа, ала мегар долуш, лаьара цунна йоIах хьехархо хуьлийла. ЦIа а оьхуш, дега, нене, дехарш дора лаккхара дешар дешийта яхийтахьара йоI, бохуш. Иштта, 1984-чу шарахь школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Малика деша яхара Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище, юьхьанцарчу классийн хьехархочун а, кхиорхочун а отделени.

Хьехархочун а, йоьIан а лаам кхочушхилира. 1987-чу шарахь училище чекх а яьккхина, еара Малика ша дешначу Мехкадаьттан-Юьртарчу №1 йолчу школе юьхьанцарчу классийн хьехархочун балха. Коллективехь уггаре а къона яра хIара. Юьхьанцарчу классашна деа шарахь хьийхира къоначу говзанчас. Оцу берийн хаарийн бухбиллархо хилла дIахIоьттира иза. Ша тIелаьцнарг жоьпалле гIуллакх дуй а хууш, хьанал кхочушдора цо шен декхарш. Юьхьанца хала хиллехь а, берашка болчу безамо а, болх безаро а ницкъ лора цунна.

Малика балха еанчу шарахь школин директор хIоьттина вара Нучаев Халид Ибрагимович. Баркаллица дагалоьцу Маликас тахана бакъдуьнена вирзина волу и оьзда стаг. Хьехархочунна доккха гIо-накъосталла хилла цуьнгара. Вайн хаза гIиллакхаш коьрте а хIиттош, хIара йохье а йохуш, белхан тIегIа лакхадаккхарехь пайдехь дерг дуккха а хьехна цо. «Хьехархочунна оьшуш долу дерриге а диканаш чIогIа  дIахуду», олура цунах лаьцна директора.  Цо, Маликас хьоьхучу урокашка оьхуш, толлура йоIа болх муха бо. Шина шарахь болх бинчул тIаьхьа, «Отличник народного просвещения» Сийлаллин цIе а, знак а, цу хенахь уггаре а лакхара хилла йолу 12 разряд а елира Маликина. «Оьшуш болу хаам схьаэца хIинца санна интернет яцара цу хенахь.Дуьйсанна дукха къахьега дезара урокана кечам беш.

1987-чу шарахь юьртахь дика цIе йоккхуш, массара а лоруш волчу, бусалба дин довзарца а, лелорца а къаьсташ волчу, оьздачу Мовлин кIантаца Мусаца шен дахар дузу Маликас.

Нохчийчохь хьалхара тIом болабелча, вайн дукхах болчу махкахойн санна, цIера арадовла дийзира МаликагIеран, хIорш чохь Iачу ларми чу ракеташ тоьхна, балаза а бевлла. Цхьайолу хан Хьачарахь яьккхира. Юьрта юккъехь Iаш бара хIорш.  Цу хенахь дукха адам девзира Маликина. Цига а тIом хьалакхаьчча, дукха хала блокпосташна тIехбуьйлуш, Аки-Юьрта дIабахара хIорш. Цигахь четарийн лагерехь Iачу хенахь, немцоша схьайиллинчу юьхьанцарчу школехь шарахь гергга болх бира. Хала хан яьккхира цигахь а. 11 шо дIадаьллачул тIаьхьа, 2007-чу шарахь цIа баьхкира.

«Дуьххьара Соьлжа-ГIала гинчу хенахь соьга бIаьрхиш ца сецалора, – елхар оьккху Маликин,  – сан жималла, дерриге а сан дахар дIадахана йолу сан гIала (махках арайолучу хенахь йохоза яра иза) йохийна дIаяьккхинера. ЧIогIа хала дара иза лан.., – бIаьргех охьахьаьдда хиш дIа а дохий, елхар сацадой, – АлхьамдулиллахI! ХIинца хаза меттахIоттийна вайн мохк. Дерриге а хьелаш кхоьллина. Сайн дешархошка а олу ас, вайн республикин дика Куьйгалхо ву, дуккха а  гIуллакхаш дина цо вайн дахар тодеш, хаздеш. Цундела аш хама бан беза, дика деша деза олура  ас.

«ТIемаш болчу шерашкахь болх бан аьтто ца хилира. ЦIахь Iачу хенахь берашна чIогIа сагатдора ас. Дуьхьалтуьйсура классан журнал, бераш. Юха айса хьехначу школе балха дIаяхарна дуьхьало ца йира хIусамдас. Йоккхах йолчу йоIаца жимах ерг а йитина, 15 шо даьлча, балха араелира», – бохура цо.

Школин директора Тазбиева Маликас а, хьехархойн коллективо а чIогIа дика тIеийцира иза. Царна оьшуш вара иштта говза хьехархо. Директора хастийра Малика, шен декхарш жоьпаллица кхочушдеш а, шен Iалашоне гIерташ а ю аьлла.   Ши шо кхаьчна Малика директоран дешаран а, кхетош-кхиоран а декъан заместителан декхарш кхочушдеш йолу, иштта 1-чуй, 4-чуй классашкарчу  берашна хьоьхуш ю иза.  Таханлерчу дийнахь кхуьнгахь 2-гIа класс ю. Кхузаманахь дешарна оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина.  Пачхьалкхан федеральни дешаран стандарташца хьехар Iамош леррина курсаш яьхна Маликас. Оцу хаарех пайда а оьцуш къахьоьгуш ю иза.

«Бераш сайна дукхадезарна, атта ду суна цаьрца болх бан, – дуьйцура Маликас. – Берашна юкъахь хала амал ерш а, деша ца луурш а ду. Директорца а, дай-наношца а цхьаьна леррина болх дIахьо уьш кхетош-кхиорехь.

Сайн дахарехь дуккха а дикачу адамашца уьйраш хилла сан. Цундела сайн Iалашоне кхаьчна со. Дуккха  халонаш а, бала а, гIело а лан дезна. Iаьржа а, кIайн а асанаш хилла. Амма цуьнга хьаьжна доцуш, суна хьалхахьа дIаяха ницкъ белла Делах тешаро а, диканиг хирг хиларх тешаро а. Кхин дахар хоржур а дацара, я кхин болх балур бацара. ЦIийх дIабоьлла, даго тIелаьцна болх бу ас бийриг. Сан доккхах долчу берашна ца лаьа сан лорах баха. ХIунда аьлча, царна гуш ду ас хьоьгуш долу къа. «Хала ма ду хьехархо хила» олу цара. Амма жимачу Маремах дегайовхо ю сан.

Хьехархо ша баьхначу кхиамех тоам бина, сецна Iан йиш йолуш вац. Иза даима а керлачунна тIегIерташ хила везаш ву. Шен доьзална дика масал хилла ваха везаш ву», – бохура Маликас.

Кхунна дагахь лаьтта шен хилла волчу хьехархочо Овхьад Ризвановича, школе веача аьлла долу: «ХIинца хьуна тIехь ду хьуна хIокху школера юьхьанцара дерриге а дешар» дешнаш. Иза хууш къахьоьгуш а ю хIара.

Болх дика барна елла дуккха  Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а ду Маликин. Школина юххехь латта а эцна, берийн дай-наношца  цхьаьна эцна, шен классерчу хIора беро дIадийна синтарш а ду цо лелош.

Малика ворхI беран нана ю.  Ийманехь кхиъна доьзал. Уьш дика накъостий хилла схьабогIу кхунна. Царах 3 йоI Исламски университетехь доьшуш ю, цхьа йоI хьафиз ю. Цхьа кIант Нохчийн пачхьалкхан университетан финансово-экономически факультетехь доьшуш а, Гранд-паркехь кассиран болх беш а ву. Школехь доьшуш кхин  шиъ ду.

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: