Гуьмсан районан къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделехь болх беш ю шийтта зуда. Кхечарна масал гойтуш, дика белхахой хиларе терра, уьш билгалбаьхна къинхьегаман, нах балха дIанисбаран, социальни кхиоран министерствон куьйгалхоша а, районан администрацис а.
Отделехь хIора баттахь кхеташонаш дIахьо. Цигахь дийцире до беш болчу белхан а, кхочушдаран низаман а гIуллакхаш, дика дIахIоттийна бу гIуллакхаш кхочушдаран болх.
Отчет ечу муьрехь отделан белхахоша тIеэцна бахархой социальни ларбаран декъехь пачхьалкхан Iедалан кхочушдаран органийн системо пайдехь болх барна кхачоярна тIехьовсийна долу цхьамогIа вовшахтохараллин а, практически а гIуллакхаш. Отделан белхахоша шайн болх дIахьо законашна а, нормативно-бакъонийн документашна а тIе а доьгIна, министерствос чIагIйинчу планаца нийса а догIуш.
Кхузахь кхочушдо законодательствос билгалдина долу бахархойн социальни гIолацаран гIуллакхаш.
Бахархой графикца тIеоьцу отделан хьаькамо а, коьртачу говзанчаша а. Лехамашца нийса а догIуш, кечдина ду бахархой тIеэцаран документаш.
Р.ЮНУСОВА
№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо