Иштта цIе йолуш яра кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Профсоюзийн цIийнехь дIаяьхьна йолу акци. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента, историн Iилманийн доктора Гапуров ШахIрудис а, Нохчийн Республикин Профсоюзийн Советан председатела Солтагереев Хьусайна а, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа Дарчиев Нохчос а, Алхазуров Мохьмада а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманийн а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса а, Нохчийн Республикин Юкъараллин Палатин председатела Батаев ГIерсолтас а, иштта кхечара а.
Республикерчу школашна, халкъан дуьхьа шайн синош ца кхоош кхелхинчу турпалхойн цIерш тахка езаран гIуллакхаш дийцаре дира цара.
Цхьаьнакхетар дIадолош Ерригроссин Халкъан фронтан Нохчийн Республикехула йолчу отделенин белхан тобанан куьйгалхочун заместитела, ТIехьа-МартантIерчу №2 йолчу юккъерчу школин директора Бакриев Руслана дийцира и акци Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 70 шо кхачарна лерина хиларх лаьцна.
– Россин пачхьалкхан 33 регионехь 101 школина Турпалхойн ц1ерш техкина. Царна юкъахь ю вайн регионера школаш а. «Школина – турпалхочун цIе» аьлла йолчу акцин гурашкахь хIокху шеран январехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман Турпалхочун Мамакаев Хьамидан цIе тиллина, цо дешначу ТIехьа-МартантIерчу №6 йолчу юккъерчу школина. Иштта, кху шеран апрелехь Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу юккъерчу школехь мемориалан экъа (плита) хIоттийна оцу школин дешархо хиллачу, капитан – водолазна Юдин Вячеславна. «Б1аьхаллин сийлаллин гIала», аьлла шена цIе еллачу Соьлжа-ГIалара а бевлла дуккха а турпалхой. «Школина – турпалхочун цIе» аьлла йолчу проектан гурашкахь, доьшуш болчу кегийрхоша дIахьо лахара белхаш. Царна гIарабевлла болчу турпалхойн дахарх лаьцна дуккха а х1ума хаьа, – дийцира Бакриев Руслана.
– Нохчийн халкъан историн агIонаш тIехь шера гуш бу вайн халкъана юкъара бевлла турпалхой а, церан цIарах урамаш ду. Кегийрхоша царах масал эца деза, – дуьйцура цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачара.
Иштта, цара билгалдаьккхира вайн республикин куьйгалло кегийрхой кхетош-кхиорехь боккха болх д1ахьош хилар. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша кегийрхошца цхьаьнакхетча даима дуьйцу тIекхуьучу тIаьхьенна шен къоман истори йовза езаш хиларх а, турпалхойх цара масал эца дезаш хиларх а лаьцна.
Кегийрхой кхетош-кхиоран декъехь гIо хилийтархьама Россин а, СССР-н а турпалхойн цIерш тохкур ю вайн республикерчу дуккха а школашна.
Цу хьокъехь шена хетарг мелла а шуьйра довзуьйтуш къамел дира Ш. Гапуровс а.
– Россин Туралхойх цхьаъ вара вайн республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобал дойла цуьнан). Кегийрхойн декхар ду и санна болчу турпалхойн Сийлахь цIерш йовзар а, церан сий дар а – бохура цо.
Махкахь машар дIахIоттош зуламхошна дуьхьал тIемаш беш кху заманахь а дуккха а турпалхой бевлла хилар билгал а доккхуш, дерзийра цо цхьаьнакхетар.
И. МАТАГОВ
Авторан сурт
№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо