Студенташна мехала хьехамаш бира

Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь студенташца  цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад.

Цо студенташна дийцира кегийрхошна юкъахь лазаме хилла лаьттачу наркоманех, цигаьрка озарх, харц хьехамах, кхечу г1уллакхех тешарх.

– Халахеташ делахь а, кегийрхой сиха Iехало. Наркоманис, могашалла талхочу кхечу хIуманаша шайна тIаьхьа доккха зулам дохьу. И наркомани санна даьржина ду вайн кегийрхошна юкъахь харц хьехамашка ладегIар, царах тешар. Кегийрхойн кхетамаш хIинца а кхиъна бац. Цундела уьш сиха Iехало, теша шайна хезначух. Баккъал а, ислам дин девза адамаш Iехалур дац харц хьехамаш бечаьрга, цундела динах лаьцнарг довза деза,  – элира Хийтанаев Мохьмада.

Студенташа леррина ладуьйгIира М.Хийтанаевс бинчу хьехамашка.  Вайн республикехь кегийрхошна юкъахь кхетош-кхиоран болх жигара дIахьош бу. И тайпа цхьаьнакхетарш вай лакхахь хьахийначу университетехь сих-сиха хуьлу.

З.ЛЕЧИЕВА

 №112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: