Дукха хан йоццуш Радион цIийнахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтоьхна «Нохчийн Республикехь терроризмана профилактика ярна а, иза гучуйийлийтаран тIаьхьенаш дIаяхарна а тIехьажийна юкъараллин хетарг кхолларехула болу шуьйрачу хаамийн гIирсийн болх шарбеш-тобар» аьлла йолу семинар дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхоша, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон векалша, журналисташа, кхечара.
Семинаран Iалашо яра Нохчийн Республикин министерствийн, ведомствийн, юкъараллин, шуьйрачу хаамийн г1ирсийн векалшца цхьаьна кегийрхошна юкъахь терроризм яржорна, кегийрхой терроризмана юкъаозорах ларбарна т1ехьажийна болх д1абахьарехь дан дезарш билгалдахар.
Семинар дIахьош волчу Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас элира шен къамелехь: «Семинар вовшах дагадовлуш, вайн республикина пайдехь долу гIуллакхаш дийцаре деш дIаяхьа лерина ю. Коьрта тема – «Иблисан пачхьалкх» дерриге а дуьнен тIехь шен орамаш даржош хилар ю. Вайн республикех и ца хьакхадалийта вай сема хила деза, цу тIехь боккха болх бан а беза. ТIаьхьарчу исс баттахь оцу темина лерина язйина 3500 материал вайн республикин шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь, и терахь кхин а лакхадаккха лерина ду вай».
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон хаамийн технологийн отделан хьаькама Дадагов Вахас, оццу министерствон зорбанан, хаамийн департаментан коьртачу говзанчас-эксперта Сардалов Джамбулата, «Столица плюс» газетан коьртачу редактора Закриев Iийсас шайн докладашкахь довзийтира оцу декъехь шаьш кхочушдан леринарш а.
Семинар ерзош Л.Гудаевс билгалдаьккхира, хIара кIира чекхдалале хаамийн технологийн отдело дан леринчу гIуллакхийн план х1оттон езаш хилар.
Хь.АВХАДОВА
№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо
