Ерриге а Нохчийчоьнна а – юьхькIам

    Дукха хан йоццуш «Социальни проектировани: ойланна тIера кхочушхиларна тIекхаччалц» проект йовзийтар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь. Иза кечйинера «Кхуьуш йолчу технологийн туш» автономни коммерчески йоцчу организацис. Оцу организацин а башхачу проекто толам баьккхира социально-экономически а, политически а талламийн институтан коммерчески йоцчу фондо («ИСЭПИ-н Фонд) дIаяьхьначу конкурсехь.

krugsov

Деккъа цхьана оцу бакъдолчо а тоьшалла до проект шайн гIуллакхана охIла болчу, шайна кху заманахь хьалхалаьтта коьрта декхарш дика девзаш болчу говзанчаша хIоттийна, кечйина хиларна. Оцу конкурсехь толам баккхарна иза кечйинчу организацина проектан дIадолор кхочушдарна 1 289 411 соьман барамехь грант елла. Иза боккха кхиам а, юьхькIам а бу.

Юьйцуш йолу проект йовзийтарехь дакъалаца вовшахкхеттачарна хиира и организаци вайн республикехь кхиамца гIуллакхаш деш йолу кхо шо хилар. Социальни проекташ кхочушъярх тоам бина Iаш бац организацин куьйгалхой а, говзанчаш а. Цара коммерчески гIуллакхаш а кхочушдо. Цунах а тоам ца беш, хIокху организацин куьйгалхочо Хадуева Тамарас дийцарехь, цара похIма долчу берашна а, дешархошна а  бовзуьйту проекташ хIитторан болх. Царна Iамадо проекташ нийса хIитто, уьш кхочушъярехь пачхьалкхера гIо-накъосталла хиларе муха кхача деза. Вай дуьйцург гранташ яларца деш долу гIо-накъосталла ду.

Т.Хадуеван самукъадолу берашца болх беш. Цо чIагIдарехь, вайн бераш хIуманна духе кхуьуш а, хIума довза лууш а, шайн ойланаш, хьежамаш болуш а ду. Оьшуш дерг царна шайн ойланаш (идейш) гIуллакхе ерзо Iамор ду. Царна иза Iамадо хIокху организацин куьйгалхоша а, говзанчаша а. Берашна  гойту шайна цара дуьйцург мехала хеташ хилар. Оцо цаьргахь гIуллакхе шовкъ гIаттайо, кIорда ца деш болх бан дог а доуьйту.

Организацин проект йовзийтар дIахьочу хенахь гулбеллачарна гайтира бераша, дешархоша кечйина видеоролик. Организацин векалша гIо динехь а, коьртачу декъана бераш дара иза кечйинарг. Оцу кIеззиг йолчу видеороликехь а хаалора бераш шайна дукхадезаш долу гIуллакх деш хилар. Иза къаьсттина мехала а ду.

Цул тIаьхьа, цигахь вовшахкхеттачеран аьтто хилира Хадуева Тамаре а, организацин векалшка а шайна хаа луург хатта, церан проектан хьокъехь шайна хеташ дерг ала. Цхьаьнакхетар дерзош департаментан директоран заместитела Магаев Мохьмада баркалла элира проект йовзийтарна, церан балхахь керла кхиамаш хуьлийла шайна лууш хилар дIа а хаийтира.

 С.ХУСЕЙНОВ

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: