Ойла керчина

Дукха хан йоцуш прокуроран Билобровецан дехарца Къилба-Сахалинск гIалин суьдан суьдхочо Перченкос шен сацамца шена юкъахь Къуръана тIера сураташ а долуш йолу «Деле доIа дар, Исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» аьлла йолу книга экстремизман чулацам болуш лерира.

 

Цуьнца доьзна газето яздира: «Тидамза ца бисира и хилам. Иза электронни гIирсашкахь баржарца цхьаьна хьокъала доллу дIахьедар дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Дукхах болчара, лаккхарчу тIегIанан даржашкахь а тIехь, коьртачу декъана къобалдеш тIе а ийцира цунна хеташ дерг.

ХIун бахьана дара электронни гIирсаша оцу дIахьедарна сел боккха тидам тIебахийтар, сел чIогIа бала кхачарца иза дийцаре дан, иза емал дан гIортар?   Муьлххачу а бусалба стеган дагах кхетар болуш сацам бара Генарчу Малхбалерчу суьдхочо бинарг,   ма-дарра аьлча, Исламан дуьненахь шен башхачу гIуллакхашца дика вевзаш волчу Кадыровна-м муххале а. Уггаре а хьалха цо дагадаийтира дуьненахь цхьаъ ах миллиардал сов болчу бусалбанаша Деле кхайкхар, шайн  Iибадат «Аль-Фатихьа» дешарна тIера дIадолош хилар. Цундела оцу гIуллакхах  шена хетарг, шалхонаш йоцуш, ма-дарра дIа а довзийтира. Суьдхочо а, прокурора а бинарг шайтIанан, питанчин болх хиларна тидам тIе а бохуьйтуш. Уггаре а хьалха Россин Генеральни прокуратурина а тIехь, хаамийн гIирсашна ца дезаделларг царах шайтIанаш алар дара. Кхузахь дагадаийтира бакъонан лехамашна тIегIерта дезаш хилар, цушинна бух боцуш харц цIерш тахка мегарг цахилар. Амма «дицделлера» дуьненахь бехаш болчу бусалба нехан дог-ойла цара йохийна хилар.

ТIаккха шайтIанех шайтIанаш ца аьлча долурий, нагахь бина сацам церан амалшца богIуш хилча? Цуьнга хьаьжжина дара бакъволчу бусалба стага делла жоп а: Къуръан экстремизман амал йолуш хиларан хьокъехь болу сацам тIеэцна суьдхо а, прокурор а шайтIанаш, питанчаш хилар чIагIдира».

Иштта тидам тIебахийтира Россин законаш а, хьашташ а лардаран меттана оцу кепара болчу сацамаша махкахь къепе хиларна, кхерамазаллина кхерам туьйсуш хиларна. Цул совнаха вайн махкахь дехаш долчу тайп-тайпанчу динийн векалшна юкъахь барт эгIо гIертар а лорура иза.

Къуръанан сураташ экстремизман амал йолуш лараран хьокъехь Къилба-Сахалинск гIалин суьдан сел питане сацам тIаьхье йоцуш ца бисина. Iедалан лаккхарчу тIегIанашка даьлла тахана и гIуллакх – законна юкъа экстремизмах лаьцна долу гIуллакхаш къастор районийн а, гIаланийн а суьдашна дехкаран хьокъехь нисдарш юкъадалор оьшуш   лерина Россин Пачхьалкхан Думин юкъараллин цхьаьнакхетараллийн а, динан организацийн а гIуллакхашкахула йолчу комитето. Цуьнан коьрта мехалла йоллу шена юкъахь вайн республикина тIера болчу депутаташа жигара дакъа а лоцуш, законодательни   органан еа а фракцин депутаташа и предложени юкъаялийна хилар.

Законопроектаца нийса а догIуш, «Экстремизман гIуллакхашна дуьхьало яран хьокъехь» долчу Федеральни законан 13-чу статьяна юкъабалабо  иштта меттигаш муьлхачу суьдийн къасто бакъо ю аьлла болу кхетам: хаамийн материалаш экстремизман амал йолуш лара бакъо республикин лакхарчу суьдан, крайн а, областийн а суьдийн, федеральни маьIнин йолчу гIалин суьдан, автономни областан суьдан бен яц. Цуьнца доьзна РФ-н ГПК-н 263-гIа статья и кхетам чIагIбечу хьокъала доллучу 4-чу декъаца тIеюзар хьалха а хIоттадо.

Пачхьалкхан Думин юкъараллин цхьаьнакхетараллийн а, динан организацийн а комитетан куьйгалхочунна Нилов Ярослава чIагIдарехь, иза, я важа материал экстремизман амал йолуш ю-яц къастор субъектийн тIегIанийн суьдех бен ца тешор доьзна ду литературин тайп-тайпана произведенеш экстремизман амал йолуш лараран хьокъехь болчу сацамийн барам тIаьхьарчу хенахь алсамбаларца а, цуьнца доьзна бехкечарна Уголовни кодексан 282-чу статьяна тIе а доьгIна, лерарш деш хиларца а. Хьалха хIиттош болу хийцамаш законна юкъабалоро и тайпа материалаш къасточу хенахь хаъал доза тухур ду оцу гIуллакхана.

Жимма хьалхо Нохчийн Республикина тIера болчу депутаташа Саралиев Шамсаила а, Селимханов Мохьмада а юкъаялийра культурин-историн тIаьхье ларалуш йолу тексташ  экстремизмана таллар дехкаран хьокъехь йолу законопроект. Оццу хенахь Ш.Саралиевс билгалдаьккхира  суьдхочун, прокуроран корматалла лахара хилар, царна шайн гIуллакх ца довзар бахьанехь Россис   дуккха а шерашкахь къийсам латтош болчу террористашна шайн боьха гIуллакхаш дIакхехьа бахьана далийтина хилар. Дуьненахь миллиардаш бусалбанаша хIора дийнахь доьшуш долу «Аль-Фатихьа» экстремизман амал йолуш ларарца суьдхочо Перченкос а, прокурора Белобровеца а махкахь терроризман гIуллакх дар лору цо.

– Ма-дарра аьлча,  Къилба-Сахалинск гIалин суьдо дIакхайкхийна берриге а бусалбанаш экстремисташ хилар, – дIахьедира Пачхьалкхан Думин депутата, – иза дарца Россехь Къуръан, Ислам дехка а доьхкуш. Ойла ца еш дечу гIуллакхаша резабацарш кхуллу махкахь, экстремистийн векалшна бух а кхуллу шайн могIаршка шаьш дуьйцучух Iехабелла керланаш юкъаозо. Цундела цхьана а кепара тIекхийдийта мегар дац сийлахьчу йозанашна. ЙоI-бIаьрг санна лардан деза уьш!

Нохчийчоьнан хIора вахархочо хьовха, дерриге а дуьненарчу бусалбанаша а даггара къобалдеш тIеоьцур долуш, лардийр долуш дешнаш ду уьш.

Лакхахь далийначу бакъдолчара тешош гойту нохчийн халкъана а, цуьнан куьйгаллина а «диканиг хуьлийла» лууш болчу цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсашна хетарг, рогIера харцо кхолла, эладита даржо, кIайниг Iарждан гIортар чекхдаьлла цахилар. ХIинца а  аьтто ца хили шаьш юьхьарлаьцначу   жамIашка кхача. Кхочур а бац. ХIунда аьлча, харцо даима а юьсур ю харцо хилла.

 

Л.МАГОМАЕВ
(Пайдаэцна электронни
гIирсийн хаамех)

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: