Кхочушъеш ю гIалагIазкхийн гIолацаран программа

Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей цхьаьнакхийтира Теркан гIалагIазкхийн эскаран юкъараллин (ТВКО) атаманца Журавский Александрца.

Дийцаре дира ТВКО-н куьйгалло Iедалан органашца цхьаьна гIуллакхаш даран, гIалагIазкхийн гIолацаран региональни Iалашонан программаш кхочушъяран, Ставропольски крайхь ГIалагIазкхийн лаьттан фонд йилларан дIадолоран а гIуллакхаш, ткъа иштта Теркан эскарехь (юкъараллехь) хIинца долу хьал а. Иштта къамел хилира гIалагIазкхий тайп-тайпанчу тIегIанийн юкъараллин-консультативни структурашна, уггаре а хьалха Къилбаседа Кавказан федеральни округан Юкъараллин советана, юкъаозаран хьокъехь а.

С.Меликовс ша динчу къамелехь дийцира  гIалагIазкхийн жигара кегийрхой округехь граждански юкъараллин цхьамогIа институтийн балхана юкъаоза йиш хиларх лаьцна. Оцу дIадолоран гIолаца деза. С.Меликовна хетарехь, ницкъ ма-кхоччу алсам жигархой 1амо беза грантийн конкурсашкахь а, социальни маьIна долу, юкъараллин проекташ кхочушъярехь а дакъалаца.

Атаманан ша гIолоцуш хилар дIа а хаийтина, С.Меликовс билгалдаьккхира оцу кепара цхьаьнакхетарш кест-кеста, баттахь шозза хила дезаш хилар. Иза Журавский Александре кхайкхира октябрь бутт чекхболуш Соьлжа-ГIалахь Къилбаседа Кавказан федеральни округан векалшца дIаяхьа билгалйинчу къаьмнашна юккъера юкъаметтигаш цхьаьнаялорах лаьцна йолчу семинар-кхеташонехь дакъалаца.

Журавский Александр Теркан гIалагIазкхийн эскаран юкъараллин атаман хаьржира 2015-чу шеран 25-чу апрелехь Владикавказехь хиллачу рогIера доцчу харжамийн цхьаьнакхетарехь. А.Журавскийн кандидатурин хьокъехь барт хилира Къилбаседа Кавказан федеральни округан векалаллехь а, ткъа иштта Россин Президент волчохь гIалагIазкхийн гIуллакхашкахула йолчу Советехь а.

Герггарчу хенахь тIе куьг яздийр ду А.Журавский эскаран атаманан даржехь чIагIваран хьокъехь долчу Россин Федерацин Президентан Указна.

С.ЛАЛАЕВ

 

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: