США-н тIеман кеманаша сахьтехь сов бомбанаш йиттина Кундузерчу (ОвгIан) госпитальна. Цу чохь хиллачарах 13 стаг кхелхина, 30 сов стагана чевнаш хилла. Царна юкъахь бераш, зударий, «Врачи без границ» миссин лоьраш бу.
***
ЧIогIа догIанаш дахкарца доьзна Францин къилбехь хиш дистина, урамашка хьаьвдира. Iаламан оцу бохамехь 13 стаг кхелхина, ялх стаг карош вац.
***
Россин тIеман-космически ницкъаша 30-чу сентябрехь дуьйна 80-зза сов кеманашца тохарш дина Шемарчу «иблисан пачхьалкхан» гIеранаш йолчу меттигашка, йохийна церан 60 сов объект. Оппозицина юкъарчу 800 стага герзаш охьадехкина, террористаш Шемара уьдуш бу.
***
Иракехь шина меттехь эккхийтар дина. И бахьана долуш 24 стаг кхелхина, чевнаш хилларш шозза алсам бу.
***
НАТО-н контрразведкин туш схьайоьллур ю хIара шо чекхдалале Краков гIалахь.
***
США-н полицин белхахоша хIокху деношкахь виъ кхиазхо схьалаьцна. Дийцарехь, уьш кечамбеш хилла школина герзашца тIелата.
***
Токхам хилар бахьанехь 79 стаг кхелхина Гватемалехь. Масех бIе стаг карош вац. Царах хилларг цкъачунна хууш дац.
***
Малайзера дукхах йолчу школашкара бераш цIахь совцийна Индонезера схьахьоькхуш болчу кIуьро а, арахь лаьтташ йолчу кхагаран хьожано а садаIарна новкъарло еш хиларна.
***
Евросоюзан а, Хонкаран а куьйгалло кху деношкахь план хIоттийна Европин мехкашка оьхуш болу мигранташ совцоран Iалашонца. Цунах гIуллакх хилахь тамаша бу.
***
Японехь дIахьош ю Iилманан а, техникин а дуьненаюкъара форум. Цигахь дакъалоцуш бу иттаннаш пачхьалкхера Iилманчаш.
***
Донецкан Халкъан Республикин Iедало бечу хаамашца кIирандийнахь ополченцаша Украинин Iедалан эскаран тIехь пилот воцу диъ кема дохийна.
***
КIирандийнахь ГIиргIизойчохь парламентан харжамаш дIабаьхьира. Цигахь депутатийн меттигаш къовсуш бара 14 партин векалш.
***
Сочехь дIаяьхьначу инвестицийн дуьненаюкъарчу форумехь дозанал арахьарчу делегацешца 300 млрд. соьмана гергга инвестицеш юкъаяхкаран хьокъехь барташ бина.
№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо