Компьютеран Нохчийн мотт

Нохчийн Республикин Iилманийн Академин пайде семиотикин отдел Ubuntu ОС нохчийн матте яккхаран белхаш дIахьош ю. Юьхьанца болийна болх Windows ОС нохчийн матте яккхаран Iалашонца бара. Амма Windows-ца хьалхарчу гIулчашкахь дуьйна цхьацца проблемаш гучуевлира. Уггаре а коьртаниг – цаьрца бан безаш болу барт. Windows нохчийн маттахь хила лаахь, Нохчийн Республикин Правительствос цу компаница барт бара бан безаш. Амма иза бойла дацара: Тахана а правительстве тIеэцийта дIаелла яц нохчийн меттан орфографин кхоччуш йолу кеп. Ткъа правительствос меттан орфографин кеп тIеэцна ца хилча, Microsoft компанис бакъо ца ло шайн продукци цу матте яккха.

Иза дерриге а шайна къаьстинчул тIаьхьа, Iилманийн Академин пайде семиотикин отделан белхахой тIебирзира Ubuntu ОС нохчийн матте яккха. Ubuntu ОС маьхза а, маьрша а проект хилар бахьана долуш, иза нохчийн матте яккхарна арахьара цхьа а дуьхьало яцара. Гочъян езаш йолу .ро файлаш отделан белхахошна юкъахь дIаса а екъна, дIаболийра цара болх. Оцу файлийн нохчийн локализаци Poedit программица ян дийзира церан.

Poedit – иза .ро файлийн редактор ю. Цу чохь Ubuntu системин программийн юьхьанцара текст ингалс маттахь ялийна хуьлу. Программи чохь роггIана цхьацца могIа гочбо, ткъа могIанашна хIиттийна номерш ю. Цхьана бIогIамалга чохь ингалс маттахь йоза ду, ткъа цунна дуьхьалара бIогIамалг хIора могIа нохчийн матте гочбина долу йоза шена чохь долуш бу.

Нагахь гочдеш цхьацца хаттарш кхолладеллехь я къасто дезаш хIума диснехь, и могIа можа басаца схьакъасто аьтто бина Poedit-с, «чекхдаккхаза гочдар» аьлла, билгал а доккхуьйтуш. И санна долу дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш отделан белхахоша хIора кхаарин дийнахь дийцаре а деш, беш болх бу.

И болх дIахьош, белхахоша тайп-тайпана электронан лингвистикин хьостанех пайда а оьцу: А.Г. Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь», А.Т.Карасаевн а, А.Г.Мациевн а «Оьрсийн-нохчийн словарь», С.М. Умархаджиевн «Математикин терминийн нохчийн-оьрсийн словарь», А.А.Ахматукаевн «Компьютерийн терминийн ингалсан-оьрсийн-нохчийн словарь», Promt словарь а, талмаж а, Google онлайн талмаж а.

Цул сов, отделан белхахоша, кхаарин деношкахь хуьлучу семинарашкахь, бийцаре бо хаамийн технологийн оьрсийн-нохчийн дешнийн цхьаьнакхетарийн дошамна тIехь беш болу болх.

Отделан белхахочо Х. Асхабовс Delphi платформи тIехь .ро файлаш ша гочъен программа йина. Оцу программо тайп-тайпана дошамашкахь (словарашкахь) терминаш лоьхуш, йойъу хан кхоайо. Цунна шинаметтан дошамаш тIетаса а йиш ю; дукха маьIнаш долу терминаш басца билгалйо, программисташна царах цхьаъ схьахаржа атта хилийтархьама.

Пайде семиотикин отделехь тешна бу, Х.Асхабовс йина йолу программин гIоьнца, Ubuntu ОС-н нохчийн меттан локализаци яран болх хIинца атта а, сиха а чекхбер бу аьлла.

Цара долийнарг вайн къоман маттана мехала хIума ду. Цундела, кхана Iуьйранна дIа а ца тосуш, цу отделан белхахоша и болх чаккхене дIакхачо лаьар-кха… Дала тIаьхье беркате йойла церан!

 

И.ХАСАХАНОВ

№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: