Селхана вайн республикин коьртачу шахьарахь дIадаьхьира Соьлжа-ГIалин 197 шо кхачарна лерина даздарш. Iуьйранна дуьйна хаалора дезчу дийнан хIуо. Шо-шаре даларца къонлуш, хазлуш, зазадоккхуш, къегаш йолчу вайн пачхьенехь даздарш дIадолийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Сийлаллин хIолламна хьалха зезагийн курсаш а, кочарш а дахкарца. Шатайпана маьIна долуш дара и. ХIунда аьлча хIара таханлера вайн синтеме, зовкхе, ирсе дахар Ахьмад-Хьаьжех а, цуьнан кIантах Нохчийчоьнан Куьйгалхочух Кадыров Рамзанах даьлла беркат ду
Цхьайтта сахьт даьлча шахьаран коьртачу майданашкахь дIадолийра даздаран дуккха а гIуллакхаш. Масала, А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу гIалин коьртачу майданахь гайтамаш дIабаьхьира тайп-тайпанчу министерствоша а, ведомствоша а. Даздарийн коьрта майда хиларе терра ерриге а республикера а, дозанал арахьара а хьеший оцу майдана богIура. Церан дог-ойла гIаттош хьийзара ярмаркаш, гайтамаш, конкурсаш вовшахтоьхнарш.
Делкъал тIаьхьа Соьлжа-ГIала схьакхечира гIалин денна лерина Веданара дуьйна вилспеташ хаьхкина баьхкинарш. Ши бIе ца кхоччуш вара уьш. Царна юкъахь кегийрхой а, гIеметта хIиттинарш а бара. Баккхийберца тIеийцира и хьуьнаре нах даздаршка баьхкинчара.
Нийсса 13 сахьт даьлча оццу майданахь дIадаьхьира даздаран хьолехь Соьлжа-ГIалин де даздар дIадолор. Цигахь, гимнаш а локхуш, хьалаайбира Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а байракхаш. Цул тIаьхьа зезагийн курсаш ехкира «БIаьхаллин сийлаллин гIала» хIолламна хьалха. Цигга сийлаллин караул а хIоттийра. «БIаьхаллин сийлаллин гIалин» иэсан вахте дIахIиттира Суворовн цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу тIеман училищен тоьллачех болу курсанташ. Оццу миноташкахь маьрша стигал къарзйира тайп-тайпанчу лоппагаша.
Юха, кхузахь вовшахкхеттачеран самукъадаккхар дIадолийра Нохчийчохь дехачу халкъийн культурин туьшаша, филармонин артисташа, фольклоран тобанаша, «Шира гIала» ансамбло, кхечара. Массанхьа самукъане беларш хезара. Ирсе яра массеран а яххьаш.
МаьркIажан бода къовлабеллачул тIаьхьа а дара иштта хьал. Адамаша сийсош дара вайн шахьаран коьрта урамаш. ГIалин денна лерина даздарийн коьрта гIуллакх дIадаьхьира «Грозный-Сити» дукха гIаьтнаш долчу ц1еношна уллехь йолчу аьхкенан амфитеатрехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, ткъа иштта дозанал арахьара баьхкина хьеший. Цо гIалахой а, хьеший а декъалбира гIалин 197 шо кхачарца.
Буьйсанна цхьайтта сахьт даьлча, бес-бесарчу шатлакхашша вайн хьоме Соьлжа-ГIала къагош дерзийра даздарш.
Д.АНАДЕВ
№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо