3-чу октябрехь Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертни зала хьалха самукъане дара. КIайн духарш, зезагаш дара массанхьа а гуш. Нохчийн Республикин ерриге а районашкара дешаран кхерчийн тоьлла векалш бара Хьехархочун денна леринчу даздаршка гулбелла.
Даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон Администрацин векалша а, Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаIала а.
Даздарш Нохчийн Республикин дешаран министерствос дIадаханчу шерашкахь бинчу балхах, кхиамех лаьцна дуьйцуш йолу видеоролик гайтарца долийра.
Цул тIаьхьа министра дош алар дийхира Кадыров Рамзане. Даима санна, шен меттахь забаре хIума олучу республикин Куьйгалхочо элира: «Тахана сайга «хьо хьехархо хила веза» – аьлча, цул доккха вуон хир дацар-кха суна! Дай-наноша а халла ловш долчу берашца деха де доккхуш Iамош, кхетош къахьоьгучу хьехархойн цIарах мел хаза а, мел дика а дош ала хьакъ ду. Тоьар дара дIадаханчу тIеман шерашкахь а, цул хьалха а, тIаьхьа а луш алапа доцуш вайн нохчийн хьехархоша хьегна къа.
Вайн къоман кхане а, цуьнан хиндерг а хьехархочух доьзна ду. Аш кхиабо говзанчаш, жимачохь уггаре а синна, хьекъална тIеIаткъам хуьлучу хенахь кхетош-кхиабо дешархой.
Кхушара керла 10 школа схьайиллина Нохчийчохь. Дешаран карара шо чаккхадалале кхин а 21 школа схьайоьллур ю вай, Дала мукъ лахь! Шу ца хилча йиш яц тхан. Дала аьтто бойла шун, могаш-маьрша лелийла шу. Дела резахуьлда шуна!» – элира цо.
Цул тIаьхьа Дешаран хьаьрмахь дуккха а шерашкахь кхиамца къахьегарна Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директорна Арсанукаев Iабдуллина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира, ткъа Соьлжа-ГIалин Президентан лицейн директорна Бускаева Заманина «Нохчийн Республикин Халкъан хьехархо» цIе елира.
Масех хьехархочунна Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо цIе а елира, иштта Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ делира. Даздарш хаздира Нохчийн Республикин I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин артисташа, берийн «Лаьмнийн мукъамаш» хелхаран тобано а, «Фирдаус» тобанан артисташа а.
Карарчу шарахь 50-гIа билгалдаьккхира Хьехархочун де.
З.ХИЗИРОВА
М.Садулаевн сурт
№112, шинара, 6 октябрь, 2015 шо